Хийист
Хуллон бердехь, кечлой нускалх, бIаьрла,
Детин духарх хьерчош йора гIад.
Техка, тIамарш йаржош, сема гIаргIа,
Безам кхаьчнарш боьхуш к1елла 1ад.
Кхузахь денна нисло йоI, кIант лаьтташ,
ГIен шабаршлахь делош вовшен дог.
Хино, кхоъца бердаш ховха хьоьстуш,
ТулгIеш керчош, йетта сема ног.
Ирсе безам кхуьуш шайна гича,
Метттахболу хи чохь хIора тIулг,
Айлуш хелхар дарехь, боьлуш керча,
Бохь богIарехь хьаьвза, хуьлий чIуг.
ХIора буса, айкхе синпха булий,
Зарзарш, иллийн зевне говзанчаш,
Синхаамийн дагар дегIе хьодий,
Iа, безам шайн балхош эшаршца.
Хьаттан бутт 1969 шо.
Свидетельство о публикации №124082006620