Мунда

Машин галех сарахь бабас
Мунда йира, ларйан беш:
Гай ду йиъча санна глобус,
ТIуьска – малхо лепабеш.

Къорза нуьйданийн раз бIаьргаш,
Мохо багахь йетта шок,
IаьIан гIашха техка лергаш,
Мара – йеха дечган зIок.

Цхьа ког бен ца боьгIна хIунда?!
Баба-м хьийза туьйсуш туй,
Ирча йина бабас мунда, 
Къахко гIерташ массо къуй.

Бода хьерчош, буьйса йулу.
Мунда, дика Iаш хьо йуй?
Ас, къахетий, верта кхуллу,
Туьллу цунна дадин куй.               

БIаьргех духку бакъ куьзганаш…
Кхин дан дисна хIумма дуй?
Амма даха деза гуонаш,
Бабас тIаьхьа кхуьйсуш нуй.

«Нуй тIекхетча, вуьсу лоха», –
Бохуш, дийцарх кхерац со.
Арахь-м муьйлуш мела догIа,
Мунда суна йоьлуш го.
                Мангалан бутт 1969  шо.


Рецензии