Дийнаташ ларде вай

 Iаьнан гIура дера цIийза.
Каку, пхьаьрсах тесна диг,
Дечке воьдуш, воьхна хьаьвза –
Гина новкъахь йоьжна къиг.

ТIемаш, когаш хебба тIеттIа,
Марха тесна сецца бIаьрг,
Iуьллу пекъар йуллий чета,
Какус сихйо цIехьа «берг».

Денйо Какус къийган амалш,
Йаош сискал, дума, кIалд;
ХьаргIа ловзу, лестош тIемаш,
ХIусамдеца хилла барт.

Какун кертахь лаьтта базар:
Кхокхийн, хьозийн, къигийн жут.
Дохо санна тайна ловзар,
Стиглахь хьаьвза ГIиргIан сурт.

Какус кхуссу ирх чIижаргIа,
Чу йоьллина «жижган потт»,
СовгIат лоций, йоьду ГIиргIа,
Хестош Какун башха топ.

Гулде, бераш, ной чохь, бешахь,
Даарх дуьсу хIора цуьрг!
Дийнатийн вай хилий хьеший,
Комаьршаллин кхийдош куьг?
                Чилланан бутт 1969  шо.


Рецензии