Ши бала

Дахарехь ши бала бу къастош,
Делан кхиэл леларца лаьттахь;
Ницкъболчо йазбина азаллехь
И бу, бах, тIехтуьлур боцуш.
Иза, вайн эхартан йал дебош,
Къобалло зуьйш богIу динехь.
Боссаран бала цIе йу цуьнан,
Бог1у и Iалам дардина.

Стигланийн, лаьттанийн Да Волчо
И бала, оьгIазло йоцуш,
Дахарна, низам луш, йазбина,
Азаллера абаде кхачош:
Ун даржош богIу, хIорд батIош,
Кхочу тIе тIепангах г1оттуш,
Йа мохо дIашардарца лаьмнаш,
Мохк бегош, пачхьалкхаш херцош.

Ткъа шолгIа бала бу Бахьаран –
Наха шаьш зулмашца боккхуш:
ХьагI-бода вовшашлахь деборна,
Адмаллий, оьздаллий хьошуш,
Далла ден гIуллакхаш дIатосий,
Эвхьазло, зина тIехдоккхуш,
Барт бухий, къизаллехь вовшашлахь
ЦIий Iенош, акха кадеттий!

– Дика, вуо къастадан хьекъал луш,
Лаамехь тхо дитна, Дела!
Ахь хаздеш, кхоьллинчу дуьненах
Цалечух, тхо тилла лела.
Эхь дайна, дуьненан хьошалгIахь
Ду хьарам долчунна тIера…
Иймане дирзина де гайтахь,
Бахьаран балеха довлла!!–


Рецензии