Йоьху хьо баьрчче
Ахь бийшина дегаIийжамаш гIовттош,
ЧагIаро санна д1атебеш сан лозу кийра,
Зовкхан хан сайн ю мотийтира шортта.
Дарц санна кхаьчна ирс д1адедира шарле,
Башха безам лаха хьо йаьлча гена, –
Сан кийрахь-м безам богу, хьо йоьхуш баьрчче,
Сий, пусар дар доцуш цхьа цуьрриг дайна.
Свидетельство о публикации №124082006562