Ненан суьрте хьоьжуш

Маццаха со карахь зударшца
Даьккхинчу хьан суьрте хьоьжуш,
Суна го: горга йуьхь, бIаьргийн нур
Генарчу седачех догуш.

Йовлакхо хьулйанза, хьийзина,
Гиччошкахь чIугйетта месаш,
ЦIоцкъамаш – чIегIардиг айина
Хьаьвдда ирх, даржийна т1емаш.

Кхолламо тохарна сан дадех,
Ирсо хьо хьаьстина хилла:
1едало бехк боцуш хьайн деха
Къасторан чов йерзо санна.

И дицдеш, дIаьвшан кад Сталина
Малийра, тешнабехк бина –
Нана, вай дерриге талийна,
Къизаллехь, доь дайна дита.

Даймахках бухдаьхна кхойтта шо –
Мацаллой, цамгарший хьашна,
ГIа санна иэгадеш махкалло,
Йиш-ваша сауьйзуш г1ийна …

Тосу жарж доьзална чорпа йеш,
 Кханенна кхоош, куьг дегош,
 Цу хенахь марздалар г1едакхе,
 ДIахьо хьайн кийра ца бузош!

Хиллачух къоналлин суьрта тIехь,
Дисна дац хьан-м тахна амат,
Лайначу вуонаша, Нана, йуьхь
Аьгна хьан, деш хершнаш луьста;

Хаттар ду гIайгIане бIаьргаш чохь:
«Зама, хьо хIунда йу йамарт?
Хьийзабеш тIеман дин тхан махкахь,
Урх йоцуш, д1ахецна парг1ат?! 

ТIом-эмалк шайна тIе ца лоцуш,
Кхин долу къаьмнаш ларделча,
Нохчийчохь стиен дебий тхьамданаш,
Низам доцу къуйн Iедал дендан?!

Мух1ажар лелла къам хьан декъна,
Бахьаран балега кховдош?!
ХIунда ду шерашкахь барт боьхна,
Вай вовшен денна цIий Iенош?!»

Сан Нана! Хьан бIаьргийн хаттаршна,
Жоп доцуш бIешераш идда,
Верасийн каш доцуш т1ех1отта,
Д1аидда шераш дог шийла.

Ийманан некъа тIехь нисдина,
Маршоне нисдеш вайн къилба,
Машаран бух тIера дай, кIанттий
ВогIу, деш вайн дахар сирла!

 Ахьмад-Хьажа хеназа кхелхи,
Йамартхоша к1ело йина, –
Дас Турпал кIант махкана вели,
Тешаме накъостех тоьхна.

Къона лом, Рамзан ву Мехкан Да,
Ден весет кхочушдеш денна,
Нохчийн къоман лераме Тхьамда,
Ца вуьтуш цхьа ойла йоьхна!

Цундела, сан Нана, вайн кхане
Йекхна го, Росси чохь даха:
Ц1а берзош вайн кешнийн хьарме,
Маршонна д1аделларш дахар

Кремль чуьра Iедале иэхь дуссуш, 
Хьийзийна къам къинтIерадаккха,
Беллачех тIаьхьешна къахеташ, 
Уьш боцуш шайн ирсан декъахь!


Рецензии