21 г1а бIешерийн тIаьхьене
Моторан болх марса болу,
Шоферан коьртан хье кхехка,
Машенан йадар совдолу.
Тоьпан хIоъ тIаьхьа цакхуьъург,
Шуьйра некъ тIарал гатбелла,
ЙогIу «Форд», лаьхьан лар йицлург,
Чкъургийн йорт кIуьре йерзийна.
ГIаш некъахь цхьа-шиъ ша кагвеш,
Дитт мара къевли цу «Фордо»…
Чохь хилларш, маржа-яI, ведбеш,
Буьрса кхаъ болчаьрга хьоду…
Делан кхиэл …лела ма хуьлда,
Дакъаза воккхуш бехкениг,
Бехк боцуш Iожалло баьхьнарш
Хилхьара Жаннатахь декъал.
Гонахчу синошна аьхна,
Iаламна кхерам ца латтош,
Дехий вай, синкхетам сема,
Зуламечу сонталлех ларлуш.
2008 шо.
Свидетельство о публикации №124082006544