21 г1а бIешерийн тIаьхьене

 Вайн къоман кицнашкахь чIагIбелла хьехам,
Цо кхетош ло вайна дахаран маь1на:
«Ткъа шаре валале гулде, бах, хьекъал, 
Цул тIаьхьа аьрха дин лехар ду эрна;

Ткъе итт шо дузале, ирс кхуллу безам,
Беркат луш ца хьовзахь керта цIеннана, –
Цул тIаьхьа буттуш берг бу муьста берам», –
ТIехтуьлий, дIайоьду тIо буу зама;

Ткъа хьекъалх, безамах хадар нисделла,
Шовзткъа шо тIекерчаш ца гуллахь бахам…
Байттамал, вай девдда-м лелар ду мелла:
«ТIаьхьа ду!» – бохуш бу-кх цунна дайн сацам.

Ирс ду хьан, Заманхо, кхачале ткъа шо
Хьекъалан аьрха дин Iамо ницкъ кхаьчнехь,
Ткъе иттангахь – йевзинехь йезаран марзо,
Шовзткъа шо даздинехь таронан баьрччехь.

Ткъе цхьалгIа бIешеран, нохчий, шун тIаьхье
Том боцуш йехийла, ца духуш дог,
ХIорангахь гулделла Iилманан токхе,
Вовшашлахь, дуьненца чIагIбелла барт.            
                2008 шо.


Рецензии