23 чу февралах ойла

Даймохк ларбархойн деза де лоруш,
Лелла вай Росси чохь ткъе кхолагIа февраль…
Оцу дийнахь, Сталина, къиза кхиэл кхайкхош,
Махках доккху нохчийн къам чехалеш дера!

И де вайн иэсехь латийта ов деш,
БIе эзар таIазархо Нохчийчу тоттий,
Ахмиллион гергга са Iожалле кховдош,
Вайн махкахь гуш, самах, къематде хIоттадеш!

Шийтта эзар сов кир лело вагон
Ца кхоийра Iедало, ДегIаста йассо.
Вайнахах йоьттина ши бIе итт эшалон
Хьажош Юккъера– Азе, Iожалла йажо!

Сий хьошу къоман, цIе хьарам йина,
«Спецпереселенец» цIе латайарца тIе…
Кхойтта шарахь дегнаш чу хьийзийна чилла,
ДIайалац иэсера, дицлуш дац цхьа а де!

Советан заманахь хилла даздарш
Горбачёвн, Ельцинан Iедалша хийцира.
Амма нохчийн къомана бала дерг базбеш –
23-гIа февраль де, даздарехь чIагIдина!?

Москварчу 1едало гойту тахна,
Империн шогаллшца къаьмнашка хьежар:
Жима къам товш хетар, делахь и де эшна, –
Синлазамаш артбелла, шен лаам боцуш!

Ч1ир оьцу хьагI йац вайн дегнех летта.
ТIом хьебеш, арахьа ца лехна вай латта,
Азаллера дай баьхнарг – дIа ца луш летта,
Вайл тоьлла йа эшна цхьаъ а къам ца хетта.

Башха ду вай къам гIилкхашца, динца,
Царна тIетовжийна 1аш шен дерриг дахар,
Росси, хьо ма гIертахь уьш нуьцкъала хийца,
Тхол тешамна ц1ена къам карор дац-кх лахарх.

Цундела бIешерийн т1емаш битий,
Хьалхенгахь шу бехкана Iенна цIий гечдай,
Кхин дов, тIом йукъахь боцу лулахой хилий,
Маьрша йукъ йитий вай тIаьхьешка весет дай!


Рецензии