Хуьлда сан байташ хьан хiоллам
Суй болу дош дагах долуш,
Ма хьовзор дара и, чуьра
Хьо хестош цIеран дарц тосуш.
Амма йац сан таро йоккха,
Беркъа бу дош луьтту цаца,
Бедда сох похIмаллин кхокха,
Мотт карчац, энаша лаьцна.
Цундела сан иллин мукъам
Бацахь а лерг хьостуш аьхна,
Яхья, хьо кхалхаран лазам
Сецалац соь дагчохь IаьIна.
Шовзткъе итт кхачанзий-кхаьчний
Шо деди берашна хьоьхуш,
Кхиамийн, эшамийн кхаьънаш
Дагардан хьо лара ца луш.
Денна къахьегарца парзаш
Ларди ахь хьайн дайша санна,
Ца лоьхуш цIерхазман даржаш,
Кегийрхой кхиий ахь хьаннал.
ДегI гIопал хуьлуьйту лазар
Ца лоруш болх биттал бахьна,
Веци хьо, ца гIеллуш асар,
Iожалло ваххьалц катоьхна.
Мулкалмовт тоьлла хьо вужуш,
Ца хилла хьо-м цуьрриг воьхна:
Дешархой къинтIера бохуш,
Йасинна хьо нисвар дехна.
Халачу хьехаран новкъахь
ТIекхуьу массийтта чкъуро
Вохийна хир ву-кх хьо шовкъах,
Дог лоцуш лазаман гуро.
Балха тIехь, лулахь а тешам,
Хьайн оьзда гIилкхаш ахь гайти.
Исбаьхьчу эхартахь бешахь
Хуьлда хьо декъаллойн декъахь.
Нохчийн дош Iаморе кхойкхуш,
Ахь хьайн мотт зарзарах лиэби,
Къоначийн дог-ойла уьйуш,
Хьан коьртан синпхенаш хеди.*
Мекарло йа хIилла доцуш,
Доьзална комаьрша, аьхна,
Эшначу орцанна кхочуш
Хаьштиг-стаг вара хьо, Яхья.
Ца лелош хIуьттаре, гамо,
Дуьненна къинтIера ваьлла:
Тхуна хьо везаран алу,
Хьо кхалхарх, йайна ца йаьлла.
Хьо къайлаваларах, хIетте
ХIора чохь деха хьан аларш,
Кхиазхойн мекара хеттарш –
Кисна хьо кхийдаза жоьпаш.
«Дикчу хIух дика кIант валар
Тамаш бац», – аьлла ду дайша:
Йахь, Эхь-Бехк, Сирла ЦIе, Собар –
Шун некъийн чIагIделла гIиллакх.
Осалниг ца дезаш гонах,
Оьздамарна тIера дуьйна,
Шун цIийнан дай санна къонах,
Яхьъя, хьо хилла ву суна-м.
Яхьъя, шун цIийнан сий даъим
Къонахийн белшаш тIехь кхиъна.
Оьздамар – Шемалан наиб –
ГIазотан сийлалле кхаьчна.
Майра лом, хилла и аьрха,
МостагIех ша тасавелча:
Имамо цхьа гаур вейта
Магийнарг томкин к1ур баккха.**
ШолгIа да – самукъне Муса,
Хилла дош аларна говза,
Бусалба динан деш пусар,
ХIайт-аьлла зикарехь хьаьвзаш.
Шайн напха къахьоьгуш лохуш,
Тахана дуьйш-дерзош латта
СхьабогIу шун некъий, боьрзуш
Нехан хьакъ тIехь доцуш лаьхьте.
Iилман дас – шун Юсуп-Хьаьжас
Шен дечиг даьхьна карийча,
Ца кхайкхош неIалт йа нажжаз,
Дехна, бах, шен къуьнна гечдар.
Даггара шу Делах тешар
Ца малло маьIIарго ханна.
Къаьсттина вуо йуьртахь дерзор
Шуна тIедиллина даьлла.
Цунна йукъйихкина лела
МаслаIат деш Мовсар-Хьаьжа.
Йуьртана шух беркат даьлла,
Къинхетам Делан тIе хьаьжна.
Яхья, хьан шичас, Илеса
Шайхан воI йуьхкIайчу хIоттий,***
Керт йассош, шен докъар делла,
Устазца гергаоло чIагIди.
Вайн Дала пIераскан сарахь
Декъалчех хоьтти хьан оьмар.
Богийла Жаннатан ГIалахь
Ахь тхуна къагийна стогар.
Зовкх делла эхартан бешахь,
Ницкъболчо нисбеш хьан кхоллам.
ТIекхуьу тIаьхьенийн иэсехь
Хуьлда сан байтех хьан хIоллам.
Шайн вархIе дайшкара дуьйна
Шун йуьртан йуьхь хилла лаьтта.
Хастам бу, Яхья, вайн Далла,
Шу саннарш деборна тIеттIа.
Битна ас цхьа дагахьбаллам,
Яхья, хьо къинтIера вала:
Йурт хьуна тоьшалле хIуттуш,
Цакхачарх ховха дош ала;
Хьо новкъа ваккхаран ламаз
Дайтарна со йукъахь воцуш –
Сайн даг чохь цу чевнан лазам
Латтор бу вай цхьаьна кхетталц.
Хилча со мокхазах тера,
Хаьштигах дош дагах долуш,
Ма кховсур дара и, чуьра
Хьо хестош цIеран дарц тосуш!
1. Коьртан пха хаьдда (инсульт) балха тIера цIа валийначул тIаьхьа кхалхар хилла Яхьян, пIерасканан буса эхартан хьаша а хуьлуш.
2. Оьздамар – Яхьян кхоалгIа да хилла имам Шемалан наиб, 500 стеган баьчча. Майра, тIахъаьлла, доьналла долуш а стаг хилла. Шемалан бIона йуккъера ша-ша, цхьацца летачу меттехь, масех стаг вийна, кураллица дездетташ лелачу гIалгIазкхийн эпсарал тоьлчаа, Имама «Хьайнчул ира тур дац, хьол майра къонах вац» аьлла, т1ехь йоза долуш тур дела Оьздамарна, совг1ат деш. Цо оьрсийн эпсаран т1емалочун доьналлица, сигаьркин к1уьрах 1ехаволуьйтуш верна, цуьнан герзаш, т1ехиъна дин балош, толамца йухавирзича. Эццехь томкин к1ур баккха бакъо а йелла Шемала Оьздамарна.
3. Яхьян шичас Илеса, ша тхан йуьртарчу совхозехь балхахь волуш, заправщикан цIарах цу совхозан директорна (Эвтарарчу Iавдин Iелин Хьусайнан кIантана Шемална), и докъарна бIаьрзе хьаьвзича, шен кертара бежнаш лаххьийна дIа а доьхкина, ша царна гулдина докъар совхозана деллера, оцу эвлайаийн тIаьхьенах волчу Шемалан сий, ларам а беш.
Свидетельство о публикации №124082006460