Ойланийн куьзга биъ мог1анаш

Дукха ду, сан ваша, аьттонан некъаш,
Шорта ду охана деш лело латта,
Амма болх дIаболо оьшу «нахарташ», –
Ткъа уьшша-м, декхарна, дас ца ло атта.

Къечуьнца тIекаре йац йолчо таро,
Хьо шега вистхилча, хIутту и холча.
Гергарчо озавац хуьлуче аьтто,
Де эшна волчуьнан Дела ву гIоьнча.

Аьттоне сатуьйсуш, доцу вай денна,
Iалашо кхочушйан некъ лоьхуш боца.
Цу некъан эшамаш ларар хета эрна,
«ЛадегIна нелана хьаьжкIаш ца кхочу.»

Вайн дуьне талларехь хили вай говза,
Стигларчу седарчийн дешалуш йоза.
Вай-м кестта Батта тIе г1ур даоа ловза,
Iамаза йиш-вешин дагара довза.

Х1ай деца, дийцахьа, ахь хIунда гулбо,
Вешин буо хьегадарца, кхаби чохь тIо.
КIалд чоме йалайац йеттачу шуьро,
Буо хьастий, бузахь, деца, эхартан дуо!

Аренийн гуьйрено дIалоьIу кузаш,
Беттасехь, цецдуьйлуш, уьш стигла хьоьжу,
Ахь соь йан дош ца луш, къаьсти вай кхузза,
Диц ма де – меда стом  хоттала бужу.

Шен болар ца дохош уьдуш йу зама,
ГIуьттучу малхаца чукерчаш ана.
Ма генахь ду вайна хиндерг ган Iама,
Ойланехь кхийдарах кханенийн пана.

Рицкъи тIе адамо лар йоккху шена,
Говзаллин йа меттан хьуьнаре хьожжий;
Хьал-бахам болчунна хилахь вай тIиэра,
Хьарамчу напхеха кхетар йац хьожа.

Берана цIе туьллуш кхийда вай лакха,
Массарал тоьлла и хила лаарна,
Ткъа хьала и кхиахь, хуьлуш цхьа «накъа»,
Дерриге неIалташ кхайкхадо нанна.
               
Хьайн уьйраш йийцахь суна, вовзийта хьо,
Хьох тера хир ма бу хьуна тайна гуо.
Кад уьйучу накъостех дIахаьдча со,
Йалтеха буьзира сан мох хьекхна дуо.

Доьзткъалг1а шерашка вигна со хено,
Кхочушдан ца кхуьуш ма -луъу цIенош.
ГIуллакхийн йист ца гуш, дин-динчо Iехош,
Худалуш, дIадовш ду оьмаран денош.

Ларий хьо куьйгаллехь деза чин даккха,
Иштта кхин дIаводахь, вер ву сов лакха.
Ткъа хьоьха хьоьгуш верг Iамийла такха
Йа хьаькмийн дог оьцу эшараш лекха.

Мел йоца хан хиларх дуьненчохь йоккхуш,
Могшаллех довлу вай, бахамна доцуш.
Вуй теша, дуьне, хьо даарх зовкх хьоьгуш,
КIордадой дуьтург, тоам хилла кхоччуш?!

Мацалла лайна ас, дууш гIад IаьIан,
Бацалахь ваьжна со, чам боккхуш баьIийн.
Цундела сан даг чохь пусар дар IаьIна
Кхалларан, хиларх и  кIоранал Iаьржа.
 
Жималлехь, пебетташ, хьо идда дешар,
Воккхалле лестича, хаало иэшар.
Нахалахь хьо стаг веш ду: хьалха – духар,
Цул тIаьхьа – хьекъал зоь гIиллакхийн бешахь.

Соьма тIе итт дуьллуш, стамделла бохча,
Аьтто беш нохчаша тIелацарна дай.
Цхъа Делан кхиэл лелла, кхузахь гIулкх дохахь,
Хедар ду гергарло вайн хоьттина тай.

Адамо дукхахьолахь хьал кхуллу шен,
Куьйгаллехь йа мах барца, дIанисбеш бен.
Амма кхечу белхашца нислахь хьан Iер,
Деза там бу херцабан болатан пен.

Йоккхуш шен долара, йитира хьо цо,
КIордорна башха амалш, тIелеста гуо.
Волучо чам бовзаза къаьхьа йа кIуо,
«Стаг» хила а сихлой, до ша-шена вуо.
                  
Кхолламо жималлехь ди суна хIилла, –
Цецдовлий ма хьежа сан коьрте сира.
Чо хийца-м карор ду басар йа гIина, –
Къинойн мохь хала бу-кх дIабаккха гира.

Нанас дена винарг ву, аьтто боьхча,
Кхочуш верг, катоьхна, шен хенна орцах.
Кадамаш бан хьуна вогIуш верг мацца,
Ваша вац, схьавалар хиларх хьан цIийнах.

Цкъарг бага къовзош ду, ниттел а алсам,
Цу бецах лар ма лой, хьонка бан дахча.
Йахь йу вайн вовшашца баккхарехь толам,
Йахь йоцург-м осала, къийсало хьогIца.

Тароно дебабо доттагIий вуно,
Хьан сонта амалш кIел совцу уьш тийна.
Дахаро хьал хьаьшна, хьовзийча вуоно,
Хьан чуьра чоь хилларш карабо хийра.

Зударийн амалийн тептар ду чолхе,
Исс Iилма ду церан де кхоло маьлхан,
Цамгарна дарба дан ду карахь молха
Йа ваккха эргIада, хьох сту беш белхан.

Эхь дериг эхь доцчо вуьгур ву вохка,
Йахь йоцург – бу йолчунна ги тоьхна мохь.
Йахь йоцчийн, эхь доцчийн карабодахь мохк,
Уьш мел бу, цу махкахь лаьттар ду дохк!

Самукъне, ма аьрха ду-кха хьан лелар,
Тезетахь йа тойнехь хьо хьийза йолахь.
Дог доьхна цахиларх дац сан цец вийлар, –
Суна гург йу хьан синхаамийн къоьлла.

Хьан таза дегIан чарх ма чарпе лела,
Ницкъ боцуш бIаьргийн д1асаидар къийла,
Лаамийн урх сецор ду хьуна эрна,
Хьан дагна ца хетахь, мел деш дерг хийра. 

Тешнабехк балуш верг хуьлуш ву питне,
Ма гIолахь и санна волчуьнан  дикне,
Къахкалахь цо мекар лебечу маттах:
Ларвала цо къайлах кечдинчу вуонах.

Ног туху кхолламо, йамартло тоьлча,
Эрна ду бекхамна цунна церг хьекхор.
Сих ца луш, нийсо йар вай Деле делча,
Йодур йу даг чуьра, чIир уьйу йакхо.

Адамо са Iехо даьккхина туьйра,
Цу чохь цо, аьтто беш, во ирсе миска.
Дахаро-м даима къен-миска хьийна,
Ца вуьтуш доьзалца йаа шен сискал.

Ирс лардан хала ду пхьегIанал кхийра,
Аьнгалин бошхепал карара доьжна,
Ткъа цуьнга сатийсар – ду агар кийра,
Дог тедан ницкъ боцуш, са йуха оьзна.

...Катоха, йохайе, кхоам а бай,
Ма Iелаш! Х1окху махках цIе йуьллур вай!
ДIалеIа аьчкан некъаш, эккхийта тIай!
Собарде, тIай дохадахь-м, кхин дIа Iин дай!

Къолано бахош берш хила там бу вайн,
Хьарамчу рицкъанах дIадоьзна шен тай.
«ЦадоьгIна хьал гуллур ду», – аьлла ду дайн,–
–Амма дезар далур дац-кх цу даьхнех шайн.–

Стеган сий доьзалехь кхоллало хьалха,
Гергарчийн ларамо вовзуьйту йуьртахь.
Йуьртахь дош лелаш верг хьекъале наха
Даймехкан декхаршна дIавужу бертахь.

«Йолчунах зиэн далац», – аьлла ду дайша,
Цунна ган луучийн могIа бу беха.
ГIийла сан хIусамах жIаьла ца деша,–
Хьал мел дерг къен хилча, вай хьаьнга йеха?

Со везарш, суна безнарш ахь йемалбо,
Хьо воцург ву моьттина, хьайх тоам бо.
Гергарло ас сайггара хада ца до,
Цундела сан хьешийн стамлуш бу гуо.

Ма дукха синош ду Лаьтта тIехь дийна,
Рицкъа ду вай дузо, Дала нисдина.
Сутарчу бIаьргашца, хIун дийр ду сина,
Iабац уьш долчунах, тIедоьхуш кхин а.               
               
Йуха а бIаьстено гIа-патар даьсти,
Безамца къоналла йолайеш хьаста.
Маржа  йаI, синхаъмаш шух маца къаьсти,
Довш шерийн гIамарлахь жималлин хьоста.

Мотт сецна, иэс доцуш схьаала хетарг,
Лоьрийн дан гIо доцуш, охьавоьжча да,
Дуьххьара деара сан коьрте кхетар –
Iожаллин кхаж сайга луш хиларх схьа.

Вайн Дела воцуриг хууш вац цхьаъ а,
Дуьненан кху дахарх маца хеда дIа –
Iожалла дIатоьттуш, боху вай: «Мацца!»–
Ткъа и-м, тебна, тIекхета кечйелла Iа.

ЖIаьло жIаьла дуу хан – бIаьстен бутт Март
ТIекхечи-кха, цкъа гIорош йа бостуш хатт:
ХIинца къахьегарехь эца йеза йорт,
ХIусамашкахь Iай латто аьхкенан хатI.

Къуоналло къаьгийна йуьхь-сибат – таза,
Дуй те, шех кхетта бIаьрг, цхъа цец ваккхаза?
Зазан гIа дожийча, роза гац хаза,
Кхиарна шен зама къаналле хьовза.

ДоттагIа, ахь кховдий соь алун хаьштиг,–
Лаьцна стаг бехкен веш, йуьртах дош ала.
И дечул йина йелира, ахь билгал меттиг,
Со  хьайца, и пекъар, вен аравала!

.Калакойн Iожан бос эцна ши бесне,
Хийла, тIаьхьа бIаьрг уьдуш, хьистира ас.
Хир долуш ца хиллера вай цхьаьна ирсе,
Цундела даг чуьра ас эккхийра вас.

Сурхана дарбане йу боху динберг,
Пондарлокхургана – лекхийтар пондар.
Безамо хьовзийнчу синошна тем берг –
Безараш цхьаьна беш, хIоттадар ловзар.

Iесачу замано тилийна, хийла
Жималлехь сайн боцу некъаш идийна,
Со бахьнехь болчара жимма вас хилла,
Доьху ас, дастий дог, довла къинтIера.               
                               
ДоттагIий бисна бац хьирчинчех берахь,
Гергарло шерашца, дохк санна, даьржа.
Тхан даржийн, бахамийн башха ду терахь, –
Тхо вовшех хадарна цхьа вац йуьхьIаьржа.
Iожалла уозало говзачу лоьрех,
Бацахь уьш марзбина кховдочу кхоэ.
Ахчано дерзочу дарбанех кхоьру –
Со вуьллий и доцчу цомгашчийн хьоле.

Адамийн дахар ду Iаламах тера:
БIаьстенах заздоккхуш, бералла кхуьу,
Къоналла аьхкенах – безамна тIера,
ТIаьхьлонна, стом латош, цо доьзал кхуллу;

Дахаран г1ушлакхен хан хуьлу гуьйре,
Доьзална дацош цо, могшаллех доху.
Ткъа Iаьно дIайоьллу къаналлин Iуьйре,
Каш – лахьтин шело йуьхьдуьхьал ухьу.

Пис лелла мискачух ларлолахь вуьзча,
Адмаллех и кхоччуш валарна хера.
Кхочур вац и орцах цхьанне де эшча, –
Хьалдолчо лучунна-м ву чIогIа тIера.

БIаьсте, аьхке, гуьйре – аьхна кхо зама,
Шуна тIе бирзина бу адмийн тIалам,
Духарца беркъа стаг тIеоьцуш санна,
Дегаза оьцу тIе цу Iаьнан Iалам.

Хастаме цIе йезаш, массо ву хьогах,
ГIулкхашна ледарниг-м – каде ву багахь.
Ма чIогIа къахета вохийнчух балхах,
И йуьртан бажа бажош Iу бен вацахь.

Датталуш ду латта, стигланаш лекъна,
Хулло чохь тIадам бац, Эвтарахь декъна…
Дезар те цоцанхойн, шайн йурт дIалеIна,
Керлачу-Энганах кестта дIакхета?!

Далла тIе боьду некъ лоьхучийн тоба
Йу лелош тIехь башха бос болу оба:
ЦIен, сийна, кIайн, Iаьржа йа ийна-мокха,
Дала муьтIахьчийн 1амалш  йо къобал.

Лазарша лаьцна хьо, йац сина маьрша,
ГIуллакхийн йист йоцуш, дIагIерта денна.
КIелдуьсчу дегIана дац вай комаьрша,
Бахамна и дацор ца хеташ эрна.
Хьайн цIе айар хьамма, нахалахь денна,
Iуьрг дайна цу дехках, лела тем байна –
Дика цIе йаккхийтар-м йуьхькIам бу хьанна,
Шен берийн даладар ца дитнехь дайна.

ДегIехь шен сиркхо йерг – халонна хебна,
ГIораллехь мел вериг – бахаме хьаьддаа,
КогхIоттар ца нислург, собарах хаьдда,
Дуьссу вай Гуттаре къасточу керта.

БIаьрла дегI, йуьхь-сибат, къегина духар,
Ма хуьлда дерриге – аьлларг куц-хьарам,
Йевзар йац тIехьаьжна адмийн «чутухург»,
Мах хадош сих ма ло, сецна дош ала.

Ахь сахьтан идарца дахар ма дуста,
Довха дош дац цуьнан кийрара дала,
ЛадогIий иллешка, адмийн дог хьоьсту,
Йусталахь, мах хадош, хьо веха зама.
               
Массеран дог хьостуш делало зезаг,
И даккха сихло вай, беш цунна лазам:
Вайн карахь мархаллой, дан доцуш дезар,
Хеназа леш йу-кха Iаламан хазна.
      
Шел тIаьхьа хIу дита детIаш ду зезаг,
И санна буй теша даг чуьра безам?
Массо а дийнатна шен кIорни йеза,               
Кийча, и йахийта, дала а реза!

Шен хенахь сан дедас Iамийна сан да,
ДIаверззалц сан дас а тхан амалш кхаьдда.
Ненах дIахаьдда де – иза тIе ма да:
Йиш-вешин гергарло цара дитац дан!

Атта ду несана кертахь бехк билла,
Маьрйиша итт хиларх, кех ара йериг.
Марнанна реза нус йац атта хилла, –
Вуон йоI а-м цхьана а нанас ца йора!
                      
ХIара дуьне-м дIакхехьа йу йеза ларча,
Дахаран некъ базло, Iеминехь коча,
Халонех ларвинарг, Iалашвеш баьрччехь,
Хуьлу дас-нанас шаьш  вина малонча.
Хало ловш волуш, ахь дика дар – Iадат,
Хьайн аьтто болуш дар – комаьрша хьоста, –
Диканна къарцавар воно – Iаламат,
Букъ берзош верг цунна – ботт йу-кха йаьсса.
             
Хит1ера ца йоьду тахна йоI маре,
Сихъелччохь йожаеш когара тударг.
Экханах зуда йадор даьлла вайна бале,
И зулам сацалац деттарах гIуда.
         
Низаман тур деза зуда йадор дехка,
Дац гIилкхехь йоI йолчаьрга маслаIат дехар.
Аьлла ду: «Зударийн сий дожочу махкахь
Къонахийн кхиар соцу, лардеш шайн декхар».
         
ОхIла вац со хилларг, леллариг талла,
Йа Даймохк битинчийн йемал бан кхоллам.
Хастам бо нохчийн къам лардинчу Далла,
Вай цалезачийн ца толорна лаам!

Дуъненчохь вахаран лар йовш йу стеган,
ТIаьхьенийн доь даржо кIант вацахь кхуьуш.
ЙоьIарша кхуллур йу тIаьхьенаш нехан, –
КIант воцчу ден кхерч бов, кхин кIур ца буьйлуш.
             
Зингатийн йа накхармозийн низамехь
Даха, Iен адмашна гена ду Iама.
Уьш санна, тем байна-м хийла да хьийза,
Тахана тоделларг дIахаьрцаш кхана.

Нийсонна тIе гIорта ма-торра хьалхе,
Дуьненчохь йаржийта дахаран маршо.
Цу некъах шекваьлла, хьажахь хьо йуха,
Харцоно волор ву шена кIел хьарчо.

Стаг, зудий безамна кхоьллина башха,
Цу синхаамана шерийн дац доза.
Синкъерам дIакхехьа баккхий нах эшна,
Кегийрхой кхиийта гIиллакхехь, оьзда.

ТIекIелчу цIеношца рагIу ду дехха,
ХIусамдас чоь гайта, воккху со чоьхьа.
Рицкъанах кхета шен бохуш, до дехар,
Ткъа суна-м моьтту цо со цIерга оьху.

Хьарамлох ийна ду ца доьгIна рицкъа,
И даккха ницкъ эшац, хилчхьана хIилла:
Нах бацо дIахIиттош, хууш мотт бийца,
Уьш тешош, хьаькамца йукъарча хилла.

Шалха мотт бериг ву нохчашна хийра,
Къаьсттина и бетташ кIелхиъна Iийриг,
Хийла да вохий цо, бехк боцуш, цIийнах,
ДогъIаьржа йамартлой, тешнабехк бина.

Дахаран некъаш вайн дахалац карла,
Леранна воларх хьо уьш йуха талла.
Амма уьш адмашлахь дисинехь бIаьрла,
Хастам бе хьайн къилба нисдинчу Далла.

Вай вовшен ца лийхи, дуьне дерг толлуш,
Йа йуьртал ара а ца кхевди йортахь.
Кхолламаш хилла вайн, цхьаъ бина кхуллуш,
Цундела безамо дохуьйту бертахь.

Чулестий паччахьаш, ца хьехош лами,
Лакхенгахь хестабарх – тIеIенош кхелли,
Сан хьоме махкахой, Iехалуш кхана,
Баьрчче ма ваккхалаш цхьа керла Сталин!

Дуьненчу даьлла бер – доьзалан бIаьсте,
Дас, нанас кар-кара оьцуш и хьоьсту…
КIант кхиъча, кертахь нус хьаьвза, мотт бостий, –
Хьалхе ду ненан дог гIайгIанех къаста.
      
Массеран нийсонах шен кхетам хуьлу,
ХIора а бакъ вича, вай къилбех туьлу.
ХIинццалц вай бина некъ дахар дуьйш хилла,
Шеко йац – нийса некъ Къуръан чохь Iуьллу.
      
Тутмакх сайн бераллин, стим санна, чам
Йуккъерчу  цу Азехь сан дийзира лан.
Комбайн тIехь ас деца чан йиъна хан
Хетало тахана цхьа ирча гIан.

Бен доцуш хилац вай диканна, вуонна,
Уьш къастош воцчуьнан вуо мах бу гонехь.
Берийн дуьхьа децаш ду да, нана денна,
И ца го доьзалхо пайден вуй цхьанне?

Къоналлехь хIорд хета цхьа жима айма,
Писалла йу олу, хIума лардан Iамар.
Къаналле дегI таьIча, го-кх шераш дайна, –
Къоналла, вай дуьтуш, дIайахча тIома.

ДIабодац цхьа а болх, ца хилча лаам,
Мел лиънарг гулделча, сина бац тоам.
Шен аьтто бинчунна ца бала кхахьам,
Сонтачо болабо и вохо  къовсам.

Да воцу бер цхьа ду, амма дац тесна,
Нанас и Iалашдо, дог оьцуш къайлах.
Бер ненах дIакъастахь, керта йогIу десте, –
Цо кхио бер даим лору вай байлахь.

Тароно хуьйцу вайн мотт, духар, болар,
Къамелехь и йериг гIерта дош толо,
Цо лоху балхана вацархо воррах,
Белхан мах эшабар-м лоруш дац къола.

КIентан кIант дедена ву ч1ог1а хьоме:
ДIахоьцуш машенахь, дой цунна лиънарг.
Талхаво к1ант аьлча, хетало гома,
Пайдехь воI хирий те иштта кхиънарг?

ДоттагIа, хьо гIенах къоначу сибтехь
Го суна Детица лаьтташ хийистехь.
Дуьненахь шу цхьаьнакхета цадитар,–
Хилла те шу ирсо эхартахь хьеста?

Собар сан кхачийна, бIаьрса гIелделла,
ГIора дай къоналлехь тIехкхуьйсуш хилла.
Чоь готта лахьта гуш, каш делладелла,
Дуненчохь ваьхна хан йовш йу гIан хилла.

Цхьана даге безаман ши некъ ца лало,
И эккха герга ду гIертийча шинхьа.
Садеттар кхачалой, хьаьвза и бIарзлой,
Адамаш, диц ма де дог хилар дилха!
         
Ши дахар ду вайна кховдийнарг Дала:
Цхьаъ, дегIах са къаьсташ, хедаш ду кошахь.
ШолгIаниг, лелачу сагIане даьлла,
Хьан дикнех декхаш Iа адамийн иэсехь.

...Лазарца йаьIна йу, вуон хилла гIовла,
Чам байна дIатовжарх, бIарзвелла Мовла,
Волало, куьг хьакха, пхьар лоьхуш говза,
Дицделла хIинца уьш бизнесе бовлар.
         
Нийсаниг, диканиг хьоьхуш ду Дала,
Лаьтто вай, ца къестош, тIелаьцна кхаба.
Стиглара диссичу массо Каламо,
Даха бах бертахь, нах, дIайаккхий гамо!

Ловзар хета массарах хьакхалуш хилларг,
Воьхна хуьлу хIаллакдан шен алсам дериг.
Къаьсттина цIармат волу цIеххьана вуьзнарг
Цо массо во бехке хиламна ша воцург.

..Наггахь хьан бIаьргаш чохь го стигал сийна,
Эзарнаш седарчий къагош латийна.
Йуй те хьо къайлах, соь безам кховдийна,
Йа со ву бIаьргаша Iехош, тилийна?
         
Сакхте доцчу адамах со чIогIа хьоьгу,
Хаьа хьегар – ша сакхте, йуй ледар амал.
Вайн дайша аьлла ду -кх: «Кхаьрдинарг тIедогIу»,
И хьегар дер дац те, кхардар санна, дуьхьал?

ТIаьхь беркъа хиларна, вагIац хьо йолче,
Со бахьнехь хаьа хьо хIуьттуш йуй холча.
ХIун де ас дуьненан аьтто ца баьлча,
Нах санна дIанислуш дахаран хорша?

Дукхахьолахь дас, кхетош, во кIантах доттагI,
Цхьаволчо чехавеш, кхиъво шена мостагI:
ВоI –доттагI шен дена гIо деш хуьлу доггах,
МостагI-воI – да велхош, мел догIучу сахьтехь.

Ловзаргахь хелхарна тхьамда йукъаваьлла,
Дуьненан сингаттамийн эккхабан хола.
Жерочуьнца бохьбогIар туьйране даьлла,
Ког лаьттах ца кхеташ ду тхьамдин болар.
 
Нахана сан сакхташ, суна шайниш санна,
Гуш хир ду куьзгано схьаоьхьначу суьртахь.
Айпе хIума тIехь доцуш-м хир вац со цIена,
Схьаалийша, дIадаха кийча ву бертахь.

Атту куьг каде ду аьрру чул балхахь,
И ду мел дечунна ша хьалхадаьлла.
Къа ду-кха аьрручун, аьттуниг сацахь,
Байттамал –йа1, хуьлуш, накъост хьийзорна.

МаслаIат дан оьшу, Делан дин девзаш,
Вайн къоман гIиллакхаш шен дегIах доьлла,
Эшамо дардинчу дегнийн чов йерзош,
Меттан пхьар, йолуш шен ойланаш цIена.

Белхи беш, хIусам чу берзабеш доьзал,
Барт чIагIбо и Iадат лардина дайша.
Дика, вуо декъча бен цахилар декъал,
И хууш, уьш гIо деш хилла вовшашна.

Зиэ хилла хьаьвзинчун гIо лоцу наха-м,
ГIайгIано хьаьшнариг ца вуьту тесна.
Дог Iаьвжа, гоно шен тодинарг вахча,
ТIехваьлла, цу нехан вуонна гуотесна.

Хьовзийнарш безамо хуьлу тем байна,
Цхьа эвхье синхаъмаш догIмашкахь уьдуш.
Лаамаш кхочушбан цатемаш лайнарш,
Кхолламо ирс зоьчу бошмашка буьту.

Ма сиха къанло вай, къоналла йайна,
Диканийн рагI йоцуш дахарехь йина.
Ткъа леллехь хьал тодан, харцонца тайна,
Эхартахь дезар ду-кх велха шен къина.

Ирс ду хьан, махкахо, маларх ца кхеттехь,
Бехначийн къамело ца йинехь кула.
Дош толо, дуйнашца уьш вовшех леташ,
Дов къастош ца дезнехь цу йукъа вола.

Диканийн декъашхо, вуонашна генахь,
Дела ву аьтто беш дахарехь вайна.
Ахь малар ца дуьтуш, вай цхьаьна лелахь,
Маларчийн цIе тIеоьцу, доттагI, ас сайна.

Стим хьаха хIутту Iоттаме хьегамхо,
Гуо бехбеш, къахьбича, моьттуш ша цIанло.
ГIиллакхех стим кхеттарг нахе къастало,
Кхоьба цайоттарх шалха мотт лелочо.

Тхьамдин цIе айало диканех йоьзна,
Къоман хьал толур ду уьйрашка хьаьжна.
Дика лулахой 1а вовшашца оьзда,
Шайн гуоне кхаьчна вуо массарна лезна.
                1992 шо

                25.11.2004 шо


Рецензии