Кхерчан сий лардина дай поэма
Хьалхара дош
Хьоьгуш вац мел исбаьхьа хазачу махках
Иллешка цадаларх дай кхаьбна латта,
Марзошлахь, нанас санна, хьоьсту ас къайлах,
Латтадеш сайн деган баьрччехь хьан амат.
Тигац со, Цоци-Юрт, вала хьуна гена:
Кхузахь йу марзонаш, гергара уьйраш:
Нохчийчохь массанхьа д1асатуьйсуш генаш,
Нашхара, Билтара йаьржина хуталш.
Сан йурт, хи хьаьIначу Хулло-хинан бердехь
Ларйина суьйренаш, йезаре хьоьжуш,
Схьайан иза хьейелча, шайтIанца бертахь,
Сайн мерза синхаъмех ойланехь воьлуш.
Кхолламо йерриге дуьхьалонаш йохош,
Безаман ирс довза йезарх со туьйхи.
Дахаро цкъа-цкъа хьостуш йа дера човхош,
Кху йуьртахь лехна ас сайн сискал, туьхий.
Хьаналчу рицкъи тIехь кхиийна сайн доьзалш
Церан бераш даьхна ийманан некъа.
Весет дуьту: тIаьххьара хIусаме верзош,
ДIаволлар Иэманахь* дайн кешнийн керта.
Иэмане бирзина йуьртара гIазоташ,
Шайна тIехь довр доцу сирла нур сецна, –
Кхалхарна, йовзаза дахаран марзонаш,
Ирс эца кхиале г1азотехь эгна.
Чергасийн аренаш йерзийна шайн кара,
ГIебартой , балкхараш къарбелча шайна,
Маршонах дог ца дуьллу Нохчийчоь къарйан
Россино Ермолов чухохку вайна:
КIуотарийн мохк
Цоци- Юрт, хьо йиллина луьрачу хенахь,
Паччахьан эскаро ДегIаста хьаьшча.
Шемал шен макахь воьжна, веача Бена,
Нохчаша, имам веш, ларван тIелаьцча.
Эвтарний, Гумс-хиний йукъахь йолу кIуотарш
Хуллоца Iохкура тоьланаш йаьхна.
Йара уьш шайн-шайн тайпа къастина каппаш,
Паччахьан эскарша дайн туьшах йаьхна.
Оцарах цхьа кIуотар, ворхI-барх1 кIур ирхбоьдуш,
Цоца тхьамда волуш, мескаройн йара.
Оьздамар Шемалца шайга воссар даздеш,
Цоцас нах кхайкхира шен саг1е сарахь.
Баьхкира цу сарахь Шемал ган цу сагIе
КIуотарийн тхьамданаш, цIе йахна кIентий:
Бабат-Хьажа, Вис-Аьлта, Гамица АгIи,
Нах тешаш бацахь а, шайх волу Бетий.
Бабат-Хьажа йалхошха даьхнин да хилла,
Шен долчу даьхнин чот мел йу ца хууш.
Тешамций, ийманций Гама ву гIарваьлла,
Кишин воI и волчу хIусамехь соьцуш.
Амма Бета хилла шайх, мел хиндерг дуьйцуш,
Гуш, сту-говр дожаза, ворданаш уьдуш,
Йа эчиган олхазарш хIаваэ дуьйлуш;
Серагах бина дин, шед йетташ, хоьхкуш.
Цундела наха иза телхина лору,
Шен цIийнан йалхоша къаьсттина чIогIа.
Ненахоша Гермчигахь до цуьнан дола, –
Цу йуьртан кешнашкахь нисло дIаволлар.
Шайх Бетас дийцинарш вайн бIаьргашна дайна,
И Бета шайх хилар хено чIагIдира,
Верасех цхьаъ волий дира зийарт цунна, –
Нах хIуьтту цу каш тIе пIераскан дийнахь.
Берахь дуьйна цоцанхойн лаьтта тIехь кхиъна,
Делан лай, говза пхьар, шайх Мани хилла.
Теркаца векал вина, Iавдас хьажийна,
Нахана Далла тIе боьду некъ билла.
ДIаволало иза Баммат-Юрта тIера
Къадарийн тIарикъат гумкашлахь кхайкхо.
Цо тийсина динан хIу ца дайра эрна, –
Теркахоша Манеха шайн устаз во.
Ма шорта дисина-кха Гамеха дийца:
Кунтица мах хилла Делан лай хиларх,
Кишин-Хьажа цо хIусмехь везаш тIеэцарх,
Шайх лаьцча, цу доьзалийн 1уналла дарх.
Шен Илсхан-Юртара Гамаьрга схьакхача
ГIаш Мичкал сехьа ког боккхушехь Хьажас,
Гамин дакъа Iададеш, хIуттура холча,
Божлара Гамин говр инзаре терсаш.
ГIудалкха ша д1айоьжна, урх Дуде йелча,
Боларехь йоьду и Хьажина дуьхал.
ТIекхаьчча, хьастарца Хьажас шех куьг хьаькхча,
Мох санна, кхочура Гамаьрга йуха.
И говр йелча, каш доккхуш дIайолла йезар
Гамина Хьажас тIедиллина хилла.
Устазан дош Гамас кхочуш дира дуьззина –
Кошан барз бу бешахь, цуьнан делила.
Хьажас ша Гамаьрга ворданахь веача,
Шен дуьхьарг гомаш лой, Гамин борш йужу,
Гамега элира цо: «ТIаьхье ларйелча,
Хьан кертахь дебар бу гомашийн бажа.»
Цу дуьхьарган тIаьхье хир йара тахана,
Iедало нохчийн къам шен махкахь дитнехь.
Устазийн, вархIе а дайн беркатахь даьхна,
Iай, чиллахь ГIум-Азе нуьцкъаш ца дигнехь.
Iедало махкаха воккхур вуй ша хууш,
Мурдашна шегара гIайгIа ца гойтуш,
ТIаьххьара Гама волчохь шовкъ- марзо оьцуш,
Кху керта нах гулло, Хьаьже деш хеттарш.
Гамас дира устазе шен хаттар лохха:
– Ваханчохь хьо хьелахь, хьан куьйге дахка
Кхиазчу берашна хIун де теша оха,
Мила во билгала тобанаш дехка?
Кишин-Хьажас Гамина жоп делла хадош:
– Тобанаш дойту дерг ву Баммат-Гира.
Цуьнца дIанисбелларш сайн йаIни тIе лоцуш,
Шайхашца хьагI лоьцург ву генахь динна
Iодика ймна, Хьажа дIаваха воьлча,
Леткъа Хьажина Гамин зуда, Куза:
– Ма везаш кечбора ас хьуна кхача,
Сох лаьцна ала дош, дац те хьан кхузахь! –
Хьажас т1аккха несана букъах куьг хьокхуш,
Мохь тухуш, массарна хозуьйтуш аьлла:
– Куза йу оьзда зулда, цхьа шеко йоцуш,
ГIевланга доьгIна чурт бIаьста дендаллал!-
Кишин - Хьажа Iедало ваьккхича къайла,
Гамас шайн кегийрхой дан буьгу тоба.
Шен устазан дош лардеш, цо Iавдин дола
Йаьккхира шайн куьпахь тIекхиъна тоба.
Куза йелча доьгIна чурт денделла кхиъна,
Лаьтташ ду цоцанхойн цу кешнийн хьармахь.
Мел дийцинчун теш, Гамин кIант, Дуда хилла,
Дудера дисна и йуьртахойн иэсехь.
Дешархо, вац хьуна со йостуш цхьа къайле,
МаьIне мел хеташ дерг дерзадарх байте.
ХIинца вай доьрзур ду Цоцас дина тойне,
Имам Шемалан бIо сецна х1усаме.
Ша хьалхарчу шерашкахь тешамна зийна,
Имамо бIаьрг буьзна, везаш къастийна,
Терсмаймала туьран да, Оьздамар хилла –
БIо лелош пхибIаьнча, шен наиб вина.
ЦIе йаханчу нохчаша имам тIелацарх;
Нохчийн къам суьйличе шеконца хьоьжу.
Дукхаммо шайн кIентий сецабора нацкъар, –
Цоцас-м шен цхьа кIант Шемалх дIатуху.
Амма Цоцин шолгIа воI пхийттара ваьлла,
Шемалан бIо Iамочу Веданан арахь
Ловзадеш дин, тур, топ гайтича ша бIаьрла,
Имамо цIа вохуьйту дех дагавала.
Бахьуга Шемалс олу, шена тIе кхойкхий:
– Воккхуш шен долара, дас хьо лахь суна,
Пурба ло хьуна бIона йукъа ван тIаккха,
Да реза хьайн вацахь, пурба дац хьуна!
Дог доьхначу Бахьус, ша вирзича цIехьа,
ДIатуху шен деха имаман омра.
Цоцина къаьхьа къурдаш легашкахь сеццехь –
ШолгIа кIант воккху цо имаман дола.
Цоцас шена мел бинчу ларамийн дуьхьа,
Шемала буьйр дира, Цоцин сий ойуш:
– Эвтарал лаххьара кIуотараш, гулпахь –
Гуллойла, цхьа цурт йан, Цоцин цIе туьллуш.
Оцу цIарца Цоци-Юрт дуьненчу йолу,
ГIазотан уъовсамехь шен кIентий оьг1ш.
– Хьол майра къонах вац, тур ира долуш, –
Сийлахь герз Шемала Оьздамарна луш
И совгIат до цунна, хийла б1ахо вийна,
Паччахьан цIе йахна эпсар цо верна.
Цхьацца шаьш латарехь, карорна х1илла,
Ц1етна – герз, дин лоруш, толамца варна.
Луьра хилла цу хенахь тонкин кIур баккхар,
Шемала бехкениг таIзаре уозош:
Мерах шога дечиган хьостам а боккхий,
Вирна тIехь лелавеш, нахала воккхуш.
Тонкеха дезар дар дихкина деш хьарам,
Оьздамарна, гаур вен, б1о х1отто йуьхькIай,
Имамо томкин к1ур баккхар до хьанал,
Наибе бIаьрг таIош, йеш хича къайлах.
Гоьйаьлла йуьртана эскарш тIелета,
Бекхамна Цоци-Юрт йагош цIе туьйсу, –
Полковника Слепцовс, эла Барятинскис,
Деникин, ахйурт йуьйш, къизаллехь севса.
Iехаделла некъ
Дахаро гIулч йоккхуш керлачу новкъа,
Кхолламо, дай баьхна йурт, хьо тIамехь зий.
Хьан кIентийн пхенаш чохь кхехкарна шовкъехь
ВархIе дайн дегнаш чохь кIеж тийсина цIий.
Паччахьан олаллин орамаш аьтта,
Леш паргIат бахарца Россис ха хорцуш,
Къехошна зовкх кхайкхош, Октябран гIаттам,
Граждански тIом баржош, вайн махках хьаьрчи.
Йоккхачу Росси чохь кегари гIоттий,
Пачхьалкхан урх къуьйсуш тобанаш деба.
Къехоша хьолахойн бахамаш отий,
ЦIен эскар, КIайн эскар вовшеха лета.
Нохчийчохь халкъан барт буху, къам доькъуш,
Бахамна гIийла берш «цIечарах» теша:
«Пачхьалкхан хазнаш йерш дола шайн йохуш,
Миска халкъ хиларна цара ирсе деш.»
Муьжгаша кхайкхийнчу маршонах тешна,
Нохчийчоь Iехало хабарех «цIечийн» –
БIешерийн сатийсам хетта схьакхаьчна,
Шериповс бIо гулбо мурдех советийн.
Цоцанхойн Iобас гулйира шен тоба,
Вайн махках «кIайчаьрга» шайн туш ца дайта.
Москва йаккха боьлхучу «кIайчарна» тебаш,
Царна цо зиэнаш деш доьналла гойту.
ЦIечарна гIо дечу нохчашка: «Совца,
Мьжгийн туьйранашка аш са ма тийса,
Бита уьш шайн Iедал дIахIотто цIийца,
Цу девнехь вайн хIумма дац цаьрца къийса.
Буьххьехь моз маттана, бухахь дIовш долуш,
Хирий те муьжгаша хIоттийна Iедал,
Оьздачу бIешерийн гIиллакхех дохуш?
Царна йукъа цагIертар ду тахна хьекъал.
Шинхьарчех лардалар ду вайна оьшуш,
Дехахь тIо, бепиг лой, коча ма эца.
Охуна деш аьлларг карийна оруш –
Тоьллачун кхуьур ду вай дакъа лаца».–
Вайн эвлайааша бина и хьехам
Цахезарш, карзахниш алсамо бара,
Цундела кху махка хьаьвзира зулам:
Вежарий, кIант деций вас, девне бовлу.
ОьгIазлой, цабезам - бIаьрзе синхаъмаш,
Дегнашкахь IаьIна нах бекхаме г1уьтту:
КIайн эскарх тийсало, лоьхурш синхьаам,
Некъ хедош, и махках дала ца дуьту.
ДIадолорна кечам
Нохчашка къамел дан веана ГIойтIа,
Деникина тхьамданаш гуламе боьху.
Цоцанхойн векал ву цигахь Байсолта,
Цо шена мел хезнарг шен йуьрта дохьу.
Инарло гулбинчу нохчашка олу:
«Шен эскар Росси чу дIадаха дита.
Вовшашца вайн тахна йвц къасто гамо,
ЦIерпоштан некъ тхуна аш маьрша бита;
ДIахеца йийсаре лецна тхан салтий,
Шаьш ловчкъийна «цIен жIаьлеш» тхоьга схьало.
Маьрша дуй хоуьйтуш, йарташка алий,
Тухуш кIайн байракхаш, йайта билгало».
Къаьсттина цоцанхой т1ех бале бовлар,
Билгалдеш инарлас шен чIагIо йира:
Йуьрто ша схьа ца лахь зуламхойн ковра,
«Дади-Юртах» гIан тардеш, эцийта чIир.
Тиф кхетта ЦIен эскар, тIеман хьал эшна,
Нохчийчоь д1атосуш, Аштаркхне гIоьрта,
Цо дитина герз декъа цоцанхошна
Шайх Iела мурдашца кхочу кху йуьрта.
Рузбанан маьждиган майданахь гуллой,
Цоцанхой Байсолте ладегIа хIуьтту,
Реза бац инарлин хабарна гуной,
ТIом бан шовкъ кхаьчна, уьш зикаре хIуьтту.
Сацам бо: ЦIен байракх йуьртахь дIатоха,
ГIазотан бIо кечбан, чугIортахь мостагI.
Шайх Iела гIоьрта цоцанхой йухатоха,
Совцабан керстанийн кху тIамна йуьстах.
Хьекъале хьехамаш устазийн, шайхийн,
Махкахь тIом ца г1атийта, хезаш вац цхьа.
Хьал, долий ца хуьле, цхьайолчу йартийн
Йахь буьйлуш, кечло нах гIазот д1адахьа.
Цоцанхой тIаьххьара гулбелча кхиэле,
Iовдин Iела сецира йурт Iалашйан…
Хиндериг цунна чул «гучара гIоле»,
И хьажаво Илсхан-Юрта зийарт лардан.
Ша бохург ца дича, цIе кхарстош дера,
Деникин мохк талош, Грозный чу кхочу.
Цоци-Юрт къастайеш, цо тесча кхерам,
ЦIен байракх кIел йуьрто гIазот тIелоцу.
ЦIечарна гIо динчу йарташна декха,
Деникинс хьажайо шен дошлойн гIера,
ГIашсалтий-пластунаш, стиглахь ши кема,
Йалх говро уозочу курпалшца дера.
Йохийна Iалхан-Юрт, йожийна ГIойтIа,
Йагийна БердакIел, Устрада-Эвл, Джалкх.
Цоци-Юрт йу йисна, бекхам беш гайта,
Цул тIаьхьа къардалийта кху мехкан халкъ.
Цоцанхойн бIон коьртехь ву МаIин Iоба.
ГIоьнчий бу: Байсолтий, цуьнан воI Мохьмад,
Къеда Махьтмирза, Хьажмурдан Гала,
Маьждигийн молланаш – Муслоца ТIалхьад,
Шахьтмаран Уьлбица Оьздмаран Махьма,
Хьоза-Хьажа, Iалсота, Цоци Маьчиг,
Зайпуллин Бетарсолта, Бесин Ахьма.
Кхиазхой: Даудца Махьмин БицIаьлдиг.
МостагI тIелатале хьалхарчу сарахь
Цоцанхойн хийисте кхо хьаша вуссу…
Замано мел буьрса кхерамаш тийсарх,
Къоначийн безамо уьш йуьстах кхуьйсу.
Цоцанхойн хаза йоI Батаган Вати
Хийисте кхайкхина гIойтIархо лаьтта.
Хьешан сий-хьурматна йоI дуьхьалхIоьтти,
БIаьргийн нур кхоьлина, и хьоьжу лаьтта.
Дог доьхна йоI гича, Ахьмин дог техка,
Цо бахьна дийцича, сацам бо тIаккха:
Цоци-Юрт ларйечохь тIамна йукъйехка,
Оьмарехь хан йисахь, и цхьаьна йаккха.
Ватис, йуьхь йекхийна, шена дош делла,
ПIелгара йаьккхина дашо чIуг кховдош,
Ахьмас, шен гIовталан тIам лоций кIелла,
Тешаман и закъалт шен буйнахь къовлуш.
Йезаро хьаьстинарг, ирсо вахийна,
Лаьттира хийистехь бодашкахь вехха.
Хинболу доьзал гуш Ватис кхиийна,
Мерза синхьаамо ша варна Iиэха.
Баькинчех ши хьаша чечанхо вара,
Цаьршинна синкъерам бинера Iаьзас,
Т1ейог1у кханенан г1айг1а йац кхарна,
Хелхарехь хиларна хьийзаш Маьлх-Аьзнеш.
Шалавина ши ваша Аьрсгирий, Боьршик,
Йуьртарчу мехкаршна хиларна реза,
Захалой бахкийта бу кийча эшахь,
Хиндолу гергарло хилийта мерза.
Мерза сатийсамаш йуьртахойн, хьешийн
Тховса-м де а шеконе кхевдина бац…
Хелхарехь шерша ког, йогу цIе пешахь,
Ткъа кхане гуш, хууш цхьа Дела бен вац.
Йахлолахь, хIай маьрша, самукъне буьйса,
Дуьненах къаьстачу синошна кхана, –
Ткъа стиглахь-м лепаш ду седарчийн киса,
Адмаша куьйсучун бац цунна бала.
Доьхначу дийнан Iуьйре
Малхбале, даI санна, цIиййала хIоьтти,
Садаьржаш бIаьстенан мела мох хьаькхи,
ХьаргIанаш Iуьйренца карзаха йевли,
Хуллонан тогIи чохь Iобас бIо гулби.
ТIелата шеконца йолчу кхаа агIор,
Хьажийра йалх дошло Iобас хьал довза.
ТIедуьллуш мостагIчун Iалашо йовзар,
Шаьш дуй ца хоуьйтуш, схьадерзар гIовза.
Байсолтин Мохьмадца СангIарин Буока,
Насухин Дудица Хьажмурдан Гала,
Болчханан Зеица Iумаран ТIокка
Ткъес хилла, бахара йуьртан го талла.
Хьалхарчу деношкахь кечам бо йуьрто:
Кхераме кхаа агIор йахарца саьнгарш,
Керташца зIарийн дуьхьалонаш хIиттош,
ТIом баран метта-мотт хIоранца къастош.
Дуьхьлонна къастийна Iаламан хьелаш:
Йуьртана арахьа боьранаш, оьрнаш,
Хулло-хин бердашца боьлакийн кондарш…
Пхьоьаза йолу топ тоьлла герз долуш.
МостагI хаало болчарна гуо толлуш,
Доккха ор дIалаьцна, Зукин барз чIагIбеш,
Забантан акхтаргаш долчохь гуо къовлуш…
Дуьхь-дуьхьал герз долу, беш тIеман хаъмаш.
Таьлсаш чу лестадо Iожалло синош
СангIарин, ТIоккиниг, Пушкинниг* – цхьаьний,
Декъалниш, декъазниш – йиш йац уьш къесто, –
Болх шорта хир болуш бу тахний, кханий!
Кхерчан сий лардеш
Курачу ойланца йурт цIармат йаккха,
Веанчу чаьлтачна кхайкхадарца хIуй,
Цоци-Юрт хIоьттира гIазоте мехкан,
МостагI шех ца кхардо, ша биъна дуй!
Цу Зукин борзера йоккхатоп къекъа,
Кеманийн бомбанаш стиглара Iена,
Лелхачу хIоьънаша сийна цIе тесна,
МостагIчо йурт оту, ша соьцуш гена.
Ворданаш йоьттина къанойха, берех,
Зударий салпалца йуьртаха бовлу.
И къепал Гелдганхьа, могIа бой бехха,
Орцарчу йарташка дIаоьхьна йоьду.
КIелонехь севцначу цоцанхойн собар
Кхехкаш ду, Iоттаме Iобега хьоьжуш.
Ткъа баьчча-м, шек воцуш, тIейоьгIна турмал,
БIаьрг бетташ ву гонах, – цо орца лоьху…
Цо орца доьхуш ду ницкъ болчу Деле,
Цу стигла кховдийна дог тешна ойла.
Шен йоккхатоьпаца Шелара каде,
Шайх 1елин шича, ШитIа кхочу эвла.
Iобица шен къамел дах ца деш, ШитIас
Йерзийра йоккхатоп гауршна дуьхьал,
ХIоъ нийса т1ехьажош, долий кан тийса,
МостагIна мотталуш тIейоьлху стигал.
ХIаваан кеманех хала ду лачкъо
Йоккхатоп, сих-сиха меттигаш хуьйцуш,
Ирхйеттарх мажарийн ницкъ бац уьш гIаккхо,
Цундела йоккхатоп наг-наггахь соьцу.
МостагIий цу хIордан тулгIенах гIовттий,
Нисдина хьийкъинчу эпсарий могIнаш,
Герз кхуьссуш, масех гIулч хьалхахьа бовдий,
Оьгура бертала, гIаттош кхин могIа.
Дуьхь-дуьхьл кхуьйсучу тоьпийн дIаьндаргаш,
Шакаршца пелйуьйлуш, вовшеха кхета.
Iийсага кхойкхуш ле и керста эпсарш,
Йуьртахой биллина АллахIе кхойкху.
Майра бу зоьртала гIалгIазкхийн эпсарш,
Пен хилла богIу уьш, дIатаIар доцуш.
Герз дуьйлу, дебадеш беллачийн тептарш,
Тоьпаш йу йохйелла бIаьхойн куьг морцуш.
Черми чохь ворданахь кхузе хи кхоьхьуш,
Кхиазхой бу цхьайтта-шийтта шо кхаьчна,
Царалахь къаьсттина нехан бIаьрг бузуш
ТIуохин кIант Дауд ву цу берийн баьчча.
Къуръанал кхин сов герз шайн карахь доцуш,
Кху тIамехь ву Махьат-Мирза Муслоца,
Жаннатан хIуьрлаIе тIемлошна йуьйцуш,
Кхелхинарш дIахьовсош йуьстах хIургонца.
Ца воьду и шиъ дIа цоцанхоша дехча,
Кху йуьрто бехкаха витарах хьалха.
Цаьршимма: «ХIинццалца шун сагIехь даьхча,
Дитийша тхо шайца кху тIемехь кхалха!»
Лазийнчийн чов йоьхкуш йа «Йасийн» доьшуш,
ТIом марса баьллачохь герз кара оьцуш,
ГIазотийн кадаккхар вайн Деле доьхуш,
Хьийзира ши молла осала воцуш.
Олу Махьат-Мирзас: «Къонаха меттахь,
Цамгаро хьийзавеш, тамехь дац валар.
Хьарам деш мостагIна дай баьхна латта,
Сийлахь ду, кхерч ларбеш, гIазотехь вожар.
Шу шек ма довлалаш, хIай майра кIентий!
Кхаьънашца, вайн гIо деш, маликаш лела,
ХIурлаIан мехкарша къестабеш шайна,
Мел воьжнарг Жаннатахь воккхуш ву дола».
Цу Мусин Эскега Муслос до дехар:
«Сихонца вайн бераш, ненаца, тарлахь,
Гергарчех цу Куршлойн-Эвла дIатоха,
Цигара патармаш дохьуш, хIургонахь».
Уллохь хIоъ оьккхуш, Махьат-Мирза вуьйжи,
Кхетам чохь вац иза, амма ву дийна.
– МостагIий герга бу. Вийна те Маьхьди!?
Ткъа Iаьзин пулемёт хIунда йу тийна?! –
Кхоьлинчу ойлано таIийна корта
Айало Iобин, пулеметаш летча,
КIайчара йухнехьа йолийча йорта,
Iаьза, Утин Маьхьди воьлча чIир эца.
Дуьхьала – гIашсалтий, агIон тIехь – дошлой
ТIетеIа гаураш, зингатий санна,
Кхачош ду патармаш, кIезиг бу тIемлой…
Йухадовла деза шолгIа чIагIоне.
Шен дошлойн тобане Iобас до омра:
– Ткъес хилий, тохар де, мостагIий совцош,
ГIаш бIаьхой, шу шолгIа чIагIоне довла,
Ткъа кхоллам зен луурш кху меттехь совца.
Ког йуха ца боккхуш кху Iазин урехь
Шаьлта, тур, тапчица чукаре бовлий,
Декъийн гу хIоттабеш хIораммо гонах,
Вужу ши чечанхо Боьршик, Аьрсгирий:
ТIаьххьара дегIаха цIийн тадмаш оьгуш,
Са тIома цу стиглан Iаьршашка хьаьдча,
ХIурлаIан мехкарша гуш шаьш тIеоьцуш,
Жаннатан бошмашкахь кечйинчу меттехь.
ГIойтIархо Ахьма ле цоцанхойн арахь,
Дуьненахь, эхартахь ша ирсе хеташ:
Цуьнан теш йу Ватин дашо чIуг карахь,
Ткъа воьжча кху тIамехь – гIазотех кхеташ.
Лийтира гIойтIархо, дера лом хилла,
Вайн Деле, Элчане, гIовс-Iавде кхойкхуш.
Ма андий гIалгIазкхий и бахьнехь белла,
Шен бIаьрга ца гича, цхьа тешар воцуш.
Ша башха къаьстира Цукин кIант Нуга,
Сецча шен пулемет, кхачийна лента,
ЧаппагIа дIалачкъош цхьогалан Iуьрга,
МостагIийн дог датIош, хелхарехь сетта.
ТIедетта герзо ша вийначух воьжна,
Гаурш тIебохкуьйту, гуо бойтуш шена,
Цул тIаьхьа ткъес хилла, гонна тIевоьжна,
Тапчанций, шаьлтанций уьш хьовсош гена.
Буьйр до, бах, эпсаро Нуга схьалаца –
Цул атта-м хир дара цIоькъа-лом лаца.
ДIаьндаргах хийзаш, цо витац тIекхача,
Ткъа шаьлта хьакхайелларг вожаво баца.
Г1одамийн ц1ов санна, цу салтийн гоно,
Шайн тоьпийн цамзанаш дег1ах чекхдохуш,
Нуга ирхваьхира,–цо масех вожош
Шаьлтанца лакхара – дег1ах са долуш.
Нугин ц1ийн дерз к1еллахь чалтачаш лаьтта,
Шаьш хьалаваьккхинарг шайн карахь лоруш,
Ткъа цуьнан маьрша са-м кхокханах г1оттий,
Го царна стигланан 1аьршах чутуьлуш.
Кеманаш, курпалаш хала ду эшо,
Майраллий, доьналлий бен, кхин герз доцуш.
Лелхачу хIоьънаша вожаво Мусло,
ТIалхьадна шолгIа чов йира чож лоцуш.
ШолгIачу чIагIонах йурт къаста дийзи,
Йуьрта чу мостагIна некъ болуш маьрша.
Амма уьш шайн беллачарна тIебирзи,
Ворданаш тIебуттуш шайн салтий хьаьрса.
Цу хенахь схьакхочу ГIарсица Эска
Куршлоша ши хIургон патармаш делла,
Уьш диэкъа хан йолу, тIом тийна кIезга,
Амма и тийналла ца йахло гена.
КIайчеран декъашца къамеле ваьлла,
Нохчех цхьа инарла хилла, бах, олуш:
– Кхоам бу-кх кху донской эпсарийн тоьлла
Цу мезийн кочмаша байина болу.–
И аре шайн декъех цIанйина бевлча,
Беллачийн сий дарца айина кедаш,
КIайчара, маларан кеп коьрте хьаьдча,
ТIекIирдо йуьрта тIе мел долу герзаш.
ТIейазло йуьртана хIоъ-молхин мархаш,
Нур кхохкийна чухьоьжу Iаржбелла малх.
Шайх цхьанна дуьхьала итт эпсар вожош,
Цоцанхоша хадабо шайн синойн мах.
Гаураш сецабан тоьаш дац гIора,
Иэдели дозанаш тIом бечарна йукъахь.
Адамийн уьйригаш чукарехь гора,
Йуьртехьа схьатеIаш, лар йуьллуш декъийн.
МостагIий йуьрта чу баьржаш бу цIийца,
Хьалхахьа йоккху гIулч цхьа йоцуш маьрша:
Божарий байарна, кхерч ларбеш хIинца,
Латаран шовкъ-асар зударшка даьржа.
Везин йоI Маликат, чов йинчу Iисин
ЧIир эца, йукъ йоьхкуш, соцу шайн кертахь.
Дог доьлхуш, вешина доьшу цо Йасийн,
Садаьлча, дегI нисдой, тIетосу верта.
Iисина, кху тIамехь мел кхелхинчунна,
ДоIица гIазотан дарж доьхий Деле,
Маликат кхевда тIе вешин тапчина,
Баттара даьккхина, тур дуьллуш улле.
Тевжа и вешина, шен кийра бассош,
БIаьстенан олхазарш шецанна делхош,
Мохо шен гIийла шок тIаьхара йалош,
Йуьртара ирча сурт Даймахкахь даржош.
Маликатан тийжар
Ва нанас йинарг йала хьан!
Ахь йурт ларйан арабаьккхина некъ
Ма шийлачу кхоъца берзий-кха ахь,
Ва нанас йинарг йала хьан!
Ахьа хьаьнга хIун эли те
Мехкан сий лардечу цу тIамехь?
Ахь хIун лелий те?
Нанас йинарг йала хьан!
Хьуна когашка йала
Со цхьаъ бен ма ца хили,
Хьуна коьрте хIотта
Со цхьаъ бен ма ца хили,
Нанас йинарг йала хьан!
Цхьаъ бен воцу нанас винарг,
Нанас йинарг йала хьан!
Бодане каш нуьре хуьлийла хьан,
Ва нанас йинарг йала хьан!
Готта лахьта паргIат хуьлийла хьан,
Ва нанас йинарг йала хьан!
Ва нанас йинарг йала хьан!
Хьо воьду бодане, готта хIусам
Аьхна, нуьре хуьлийла хьан,
Ва нанас йинарг йала хьан!
Нанас йинарг дIайерзош
Там барий хьо-м,
Ва нанас йинарг йала хьан!
Гергарчу вайшиннан тезета
Мила хIуттур ву те?
Ва нанас йинарг йала хьан!
Нахана ган нанас винарг ца хилча,
Тезет гIийла ма хуьлу,
Цуьнан нанас винарг вац олий,
Тезет кIезиг ма хуьлу.
Сан нанас йинарг
Ледара ма йиталаш, бохуш,
Лелаш там барий хьо-м,
Ва нанас йинарг йала хьан!
Ва нанас йинарг йала хьан!
Ахь гIайгIа ма йелахь, ва нанас винариг,
Хьо воха ма воха, хьайн ваша вац алий!
Хьох дисна хIара маьлхан дуьне
Хьан довхошка ца даийта,
Со вешин метта ларалур йу хьуна.
Оцу гауршна хьан чIир ца йита
Дуйнаца ас чIагIо йо хьуна!
Ва нанас йинарг йала хьан!
Ва нанас йинарг йала хьан!
Маликат вешина ша Iаббалц тийжа,
Йиллинчу неIарх чу мостагIий гIоьрта.
Хьалхара шиъ, дитт ира, туьро вожий, –
Корах чу гIерта шиъ тапчано карчий.
Цул тIаьхьа цу миска хIусам чу кхийси
ЦIейуьллу бомбанаш, тIе йассош тоьпаш…
Маликат вешица, гIазотех йуьйжи, –
Лен долчу адмана цул хIун ду тоьлаш?!
Шен дешан да хилла чекхйолу Вати,
Безамна дош делла гIойтIархо вийча,
Хьомечун чIир оьцуш, мостагIех летий,
Везачух дIакхийти, гIазотех ийна.
МостагIий Ватеран керта чу хьаьвзаш,
Хилла и божал чохь бежнаш дIадерзош.
ЙоI, шада долчухьа, неIаре йоьрзуш –
Го цунна божлехьа цхьа салти воьрзуш.
ГIорийна лаьтта йоI меттах ца йолуш,
СадаIар сецна, дог вотанах дека,
Туьйсина жIаммагIа шен гIодах доллу,
Кечдо цо, и гаур, тIетухуш, векъа.
Лохачу неIсагIех чубаьлла корта
«Ах1»– доцуш буьйжира, Ватин диг кхетта,
Кхин шинна гайх шада кхии и Iотта,
Боьхна и гаураш бахкале метта.
ТIедассош Ватина мел долу герзаш,
Исбаьхьчу йоьIан дегI дагийра цара.
Цул тIаьхьа цIенойх деш овкъарийн баьрзнаш,
Цоци-Юрт мостагIчо йаьккхира чIана.
Чевнашна цIа бигна Гуьчиган некъий:
И Яхьъя ТIокарца, тIе Iабдал-Къедар, –
Ца хьахош буьтийла йац майра кIентий,
Кхерчан сий Iалашдеш, шайн хIусмехь белла.
Кхо ваша къовлало дай баьхна кертахь,
ДIаьндарган даш кхоче ваьллариг вожош.
– Эрна ду вай царна тIекхача гIертар, –
Олу цхьа воккхочу салтичо къоьжа.
– Сихонца ши ворда гIодамех йотта,
Дуьхь-дуьхьал цIов нисбеш, шорйарца айа,
Iаьршашца урх лелош йухнехьа татта,
Цу дуьхьло тIехьа вай аьтто бац дайа.–
– И хIилла нохчаша хьалхенгахь хийла
БIешерийн йохаллехь вайна тIехь зийра,
Къарбер вай хIорш, дуьхьал доккхуш шайн хIилла,
ГIодмеха йоьттинчу ворданах ийна.–
ГIодамийн ворданна тIехьа а летта,
ТIекхочуш лаьттачийн когех топ йетташ,
ТIокара гуш ши-кхоъ вожийра лаьтта, –
Дуьхьала схьатоьхнарг Яхьяна кхеташ.
Пхьаьрсаш кегделлачу Iабдул-Къедаре
(МостагIна дуьхлонна – бац цунах пайда).
ТIокара омра до: «Хьо къайлавала,
Йиш йац вайн, доь доцуш, цIийнан хIу дайта».
– Дуьхьала дош даллор, ду хьуна эрна,
Сихонца, хьем ца беш, Хулло чу восса,
Хих ваьлча, кхиссаршна вер ву хьо гена,
Со вита цхьажимма йовссаршца къовса.–
– Ас муха вуьтур ву хьо кхузахь вала?
Витахьа со хьайца, – Къедара олу…
Воккхачун дош кагдар ледарло йара,
Цундела, дог Iийжаш, и йуьртах волу.
Ши ворда тоьттуш берш тIекхочу мацца,
ТIокаран чIагIонна чудетташ герзаш…
Воьжначохь кхуьу и, Iалашо лаьцна,
МостагIех кхоъ вожош, вайн Деле верза.
Нохчийчоь, доIнашкахь вайн Деле кхойкхуш,
Цоцанхой лийтира кIайн эскар Iадош:
Йахь йолу виъ бIе сов воI лахьте кховдош,
Эзар сов мостагIех Iожалла Iабош.
Ма гойла тIеман чов хилла йурт, гIала,
Харц ницкъо гIелдина, г1ора эшна къам, –
Берашка хеназа кхачош стогалла,
Наношкахь гулбойтуш собар оьшу лам!
Гелдганхой Цоци-Юрт йоккхучу дийнахь
Вешийла деш хьаьвза Висита коьртехь.
Цоцанхойн гIазотехь уьш пхийтта вийна,
Цул сов тхан мухIажарш тIеэцна кертахь.
Малх, бегош, дIашерша бузаран ана,
КIур ийна макхйелла стиглара мархаш.
МостагIчо Цоци-Юрт йоккхуш йу чIана,
Дуьхьло йан цхьа воцуш ваьлла и маьрша.
Батурин илли
Цоцанхойн илланча, къена Батура,
Вацара шен доьзал йа бахам болуш, –
Ламазан куз йуккъехь дечиган пондар
Шен тIома кIел лоций, мухIажар волу.
Г1отанан цу керта боьгIначу хьокхнах,
Денделла, кхиъначу акхтарган* буьххьехь,
Диначу чардакх тIехь, ойланаш йоьхна,
Батура цу сарахь сецира пхьуьйрахь.
Акхачу дечигах кечбина пондар
Кийрара Iеначу иллега баьлла,
Бекара дарбелла карзахе хIордах,
Махкана дIакхайкхош йуьртара бала.
Рузбанан цу дийнахь
Рузбана ва маьждиг,
Корех алу ва туьйсуш,
Догучу цу дийнахь.
Махьат-Мирза и молла
И Делан деза Къуръан
Пхьаьрса кIел ва лаьцна
Хьийзачу цу дийнахь
Мискачу цу наха
Баха йина ва гIишлош,
Саьмгалан цIараха
Йогучу цу дийнахь
Паччахьо йайтина
Борзанан йоккхатоп
Чуетта ма йолийра
Цоци-Эвлан шахьара.
Вай безаш балийна
Вайн хьомсар несарий,
Марзойн цIераш ва йохуш,
Кхойкхучу цу дийнахь
ДIахьовсал, ва кIентий,
Цу стиглан Iаьршашка,
Вайна йиллина йу шуна
Йалсаманин наьIараш!
ДIахьовсал, ва кIентий,
Цу стиглан корашка,
Вайна кечлуш бу шуна
ХIуьрлаIан мехкарий!
Стиглара чу хьоьжуш.
Вайна цIерш ва йетташ,
Шайний-шайний ва бохуш,
Вай къуьйсуш бу шуна!
ДIахьовсал, ва кIентий,
Хуллоций хьала-охьа,
Вайна кхочуш дац теша
КIенатийн ва орца!
Орцане сатуьйсуш,
Вайн Далла хьесталуш,
Шаьш лата ма хIиттир
Йахь йолу ва кIентий!
Челакха дой сецош,
Цу луьрчу ва тIамехь
Каде леташ ма бара
Дог майра йуьртахой!
Вухавала луучунна
Вала пурба ду шуна,
Мохк ларбан луучунна
Лата меттиг бу шуна!
Мохь бетташ, буьйраш деш,
Йурт ларйеш ма вара,
Доьхначу ва дийнахь,
Дог майра и Iоба!
Тахана белхор вай
Вай дина дай-наной,
Далла дуьхьал белабан,
Ла илахIа иллАллахI!
Нохчийн пхьераша ва йина
Хьенапан шаьлтанаш,
Вовшашка ва кхийдош,
Вай царна Iуьттур йу!
Болатах ва дина
Терсмаймал и тарраш,
Лаккха хьала ва уьйуш,
Вай царна деттар ду!
Хьалахьовсал, ва кIентий,
Цу стиглан Iаьршашка,
Вайна догIуш ду шуна
Маликийн ва орца!
ЛадогIал, ва кIентий,
Хуллоца хьала-охьа,
Вайна кхочуш ду шуна
Везчу Делан ва орца!
Эгор бу вай, кIентий,
Эхь дайна мостагIий,
Бохор бу вай, кIентий,
Сий доцу мостагIий!
МостагIчун герз тоьлла,
Йохийна вайн хIусмаш,
МостагIий эшийна,
Вай йуха денйийр йу!
Човхабер вай, кIентий,
Эхь дайна мостагIий,
ХIаллакбер вай, кIентий,
Сий доцу мостагIий!
Цоцанхойн даьхнеха, лахьан той дина,
МостагIий толаман боьлча кад ийа,
Моттуьйтуш, дуьне дерг нохчашца тайна,
Гуш боцчу ницкъо хIорш болийра байа.
Батурин иллин аз кхечите леере,
ТIегулбеш гондхьара йахь йолу кIентий?!
Цхьабакъду, цу буса Дала шен Вели
Къайлаха орцанца кху йуьрта-м кхачий.
Зударий берашца йуьртаха дохуш
Цу дийнахь хьаьвзира Iавдин гIовс – Iела.
Ткъа буса тIелетта, йурт марша йоккхуш,
«КIайнаш» цо лаьхкира ца бог1е гена.
Эгнараш дIаберзош делира кIира,
Овкъаршлара гIаьттира денйелла йурт.
ГIазотийн кешнаш тIехь нур догуш сирла,
Йуьртахойн дог Iийжаш болу шийтта бутт.
Шо даьлча, нур дайра кешнашна тIера.
Нах кхетош, и бахьнехь шайх Iелас олу:
– Муо хьаьвзаш, дегнийн чов йерзаре терра,
И нур вайн бIаьргашна гучура долу.–
–ГIазотийн синойн нур-м лаьттар ду догуш,
Дай лаьттах боьхкина меттиг къагийна,
IиндагIна хIуттур ду махьшаре буьгуш,
И буьрса къематде дайшна дайдина.–
Замано дахарехь йитина лар
Кхеташ йа ца кхеташ, Деникин вохош
Дакъа мел лаьцначо мужгашна гIо до,
Керла шайн советийн Iедал дIахIоттош,
Ткъа цо ша лардинчарна тешнабехк бо:
Бехк-гуьнахь доцу нах, дешнариш, шайхаш,
Вай къоман ламасташ лардеш мел бериш
Набахтехь бахкабеш, «чека» чохь кегбеш,
Цу муьжгийн Iедало дебий буобераш.
Iасаллехь, йамарта чIагIделла Iедал
Нохчех бан гIиртира иэс дайна леш:
Сийсаздеш дин, Iадат, гIилкхаш деш йемал,
Къонахех Нохчийчоь, нуй хьоккхуш, цIанйеш.
Цхьаннен ца кхаьчна ницкъ халкъ горахIотто,
Къиза де дукхазза тIехIоттарх шена,
Халонна бIокъажош ца хилла Нохчо –
Кхиэл-хьукмий хаарна вуй лелош Дела!
Нохчийчоь, маршонна эгначех дийца,
Довзийта тIаьхьенна турпалхойн сибташ:
ГIовттабе хьукматийн, урамийн цIарца –
Йаккха байт йа дIаде, сий ойуш дитташ.
Дош ала, иэс дендеш, дайн хьуьнар дийца:
Хьахае тутмакхлахь йаьккхина зама,
Кхойтта Iай мухIажарш лелла, цIа даьхкича,
Талийна мохк денбан тIебоьжна бала.
Дожалан оьмар йу долуш шен доза –
Чим бина вагийна Iазапхо – Сосо*.
МухIажар къаьмнаш а шайн-шайн цIа дерза,
Маршо йелла, толийра Хрущовс нийсо.
Харцонна къардаларх ларделла вайн къам, –
Девзинчийн бIаьрг буьзна, вайгахь йахь гарна:
Балха тIехь, дешарца, лехарна йуьхкIам,
Ца кхийдаш синкхаче, дайн гIилкхел ара.
Бакъдерриг дIаала, маьрша дин лело,
Iедало урх нисйеш, нисдича къилба,
Хьакъ йолчу историн агIон тIехь хьехош,
Цоци-Юрт, ахь йаьсти гIазотийн холбат.
ГIазотийн лерам
Йийсарехь кхузткъей итт шо-зама йаьхьи,
Цоцанхойн синхьегам самалха боцуш,
Харцонан чиллано бакъо ца йахьий,
ТIекхечи вайн бIаьсте гIа-патар хоьцуш.
Кхелхинчу дайн гIилкхаш, къонахийн хьуьнарш
Лардечу тIаьхьенийн сирла йу кхане.
Вай, къоман орамаш шерийн дIовш-уьнах
ДIацIандеш, уьш луьттуш, кхевди нийсоне.
ЦIий Iаьнна майданахь, къагийна малхо,
Йахь ницкъаца тийсалуш кхихкинчохь тIом,
Декъалбеш Цоци-Юрт ларйина бIаьхой,
ГIароле х1оьттина 1а ГIазотийн бIов!
Гулби цо тIамна йукъ йихкина эгнарш,
Баьккхинарш къона болуш Iожаллин кхаж.
Доьналлин парз-весет тIаьхьенна дитнарш,
Эхарта шайца даьхьош Сийлаллин дарж.
Кхаъ хилла цу бIаьвнах сан йуьртахошна,
ГIазотехь шайн эгнарш цIа кхаьчча санна,
Лоцу уьш доIи йукъа некъахоша,
Машенахь, тIехбовлуш, айалуш сийна.
ТIехволуш бIов чуьра аз хета декаш:
– ГIулч лагIъйай, некъахой, ладогIийша аш
Мехкан сий, паргIатой лардечийн декъа
Наха шайга кхайкхаре ма хьежалаш!
Дуьненна букъ тоьхча, хедаш йу хутал,
Мехкан сий-ларамна ца беттинехь пе!
Адмашна йовхо луш ваьгначун гуттар
Иллешкахь доггаха йаха йуьсу цIе!
Тийналлехь лаьтта со ойланийн марахь,
Гуш т1еман цу шерийн хьалхалера сурт…
Воккхаве гIаттарна йуьрт зийначу арахь,
Йуьртан йуьхь кIаййина Зийарт-бIаьвнан чурт.
Хийла са дадийна, Iожалла эшош,
Эгнариш вайца бу, даккхйдеш синош.
ХIолламийн лардашкахь зезагаш кхиош,
ТIаьхьенийн сий-ларамах бIаьрг буьзна Iаш.
Нохчийчохь хедар дац деналлин хьесий,
Дехар ду, къам мел деха, оьздаллин хатI.
Стогаллин бIаьвнаша къоначийн иэсехь
Г1иттадарна Къонаха-Нохчочун васт.
Нохчийчоь, хьох хьерча сан ойла денна,
Хьох къастар нисделча-м вуьсу йодий шовкъ,
Геналлин йахаллехь дегI хуьлу эшна,
Ца кхочуш дисарна Даймехкан зовкх!
Цоци-Юрт, хьо хилла сан виъ ден Ага,
Нохчийчоь, вархIе дай кхиийна Латта.
Россия – массеран йукъара Дакъа –
Чохь дехаш мел долчу каьмнашна Дада.
Цундела вайн мехкан шорделла доза,
Росси чохь муьлхха къам хиларна шен цIахь,–
Дуьтур вай берашна – уьш дахийта г1оза
Герзашца цакъастор вовшен йукъ цкъан-цкъа.
Нохчийчоь, сан лазам, сан сийлахь йуьхькIам,
Делар сан дош алар хьекъалчех говза,
Маршоне нохчочун кхайкхабеш безам,
Нийсонна догу дог тIепангах кховса!
Хьоьгуш вац дуьненчохь мел хазчу махках,
Иллешка цадаларх, дай баьхна латта!
Нанас шен бер санна, хьоьсту ас экам,
Латтадеш сайн деган баьрччехь хьан амат!
I985-2000 шо
Европа къарйина Бонапарт вуожийна,
Кутузовс Россин халкъ толийча т1амца,
БIаьхаллин мекара къизалла гайтина,
Ермолов ц1а воьрзу чалтачан ц1арца.
Цу царца кхочу иза Нохчийчохь талу,
Саьккалаш дIахьоькхуш, къам туьшах къастош,
Вайн йартех, к1отарех латош сийна алу,
Йалтийн кхаш х1аллакдо, мацалла х1оттош.
Шайн оьрсех йалхой бина паччахьан Iедал
Шена муьтIахь леш бан нохчеха дулу:
Латта доькъуш, алап луш, даржаш а делла,
Нохчашлахь хьоладай кхуьу хьал кхуллу.
Паччахьан низамо нохчийн къам дийкъира,
Хьадалчаш, моттбеттарш даьхница хьостуш,
Лайн амалш йерш дебош, гIиллакхех дохийра,
Маршонан къовсамна дуьхьалберш г1овттош.
Свидетельство о публикации №124081907155