Хазлуш йу Нохчийчоь

                Кадыров Ахьмад-Хьажина
 Лалийна, йагийна, аьтта,
«Инарлийн» базбелча бала,
Ахьмад-Хаьжа валарна хьалха,
Нохчийчоь, ларйи хьо Дала.

Маршонан бIаьсте тIехецна,
БIешерийн йойуш къизалла,
Нохчийчоь, самалхадаьлла
ДIахIоьтти хьан махкахь зама!

Вайн некъан нисдина къилба,
Даймохк, хьо букъ тIехьа лаьцна,
Ахьмад-Хьаьжа, деш дахар сагIа,
Лензалле вирзи хьан къина!

ДогцIена барт чIагIбеш халкъан,
Ца тоьттуш ден весет гена,
Рамзан ву куц кхолуш мехкан,
Нохчийчоь хазлуш йу денна!

Тешаме накъостий гонах
Кийча бу хаьштигах бага….
Турпал ден Рамзан – гуш къонах:
Нохчийн къам ду цуьнца ийна.

Машаре бIаьсте йу йаьлла,
БIешерийн хьаьшна къизалла,
Нохчийчоь, самалхадаьлла,         
Хьан махкахь ирс сецна даьлла!

ДогцIена барт чIагIбеш халкъан.
Ца тоьттуш ден весет гена,
Мехкан Дас дендойчу гIилкхаш,
Нохчийчоь хазлуш йу денна!
               


Рецензии