Кханенах догйовха
ТIедетташ хIоъ-молха,
ГIоьртича Теркехьа
Фашистийн гIера,
Дуьненчу ваьлла со –
Деден синмолха –
Сол хьалха хиларна
ЙоI, кIанттий делла.
Бераллин мур сан бац
Ирс дайна, ховха:
Ши шо сан кхачале
Дай махках баьхна,
Цаьрца со, эгIаза, –
Кханех догйовха,
Баланех чекхваьлла
Ца леш оьзарза!
Шелоной, мацаллой
Махкахой хьийзош,
Цамгарша Iожаллин
ДIайаьстича товха,
Сайн логшад Iаьвддина,
Сиэцадеш узарш,
Нанна со къежнера
Кханех догйовха.
Йоманех къарзйелла
Беркъа тхан бедарш
Беламе йохучех
Тасалуш, йеш моха,
Тхо, хIетахь Даймахках
Бухдаьхна бераш,
Доьлхура, теш воцчохь.
Кханех догйовха.
Доь кхио цIеннана
Харжар къаьстина,
Йезарца воьдуш тхайн
Ирс цхьаьнатоха.
Йамартхойн кIелоно
Чевнаш йеш вожор
Гечдо, маслаIат деш,
Кханех догйовха.
Мел гинчух гIан дина
Ши тIом лай махко…
Да ле сан, «эскархоша»
Йурт йолош кего…
И верзор дохарна
БIаьрзечу даго,
Сатуху хиларна
Кханех дегйовха.
Дел тIаьхьа зуламхойн
Карах ле ваша
(Иза вара харцонца
Чал дера довхо),
Бекхамна чIир хьейан
Билгалниг воцуш….
И вуо ловш 1аш ву со –
Кханех дегйовха
Мел лайнарг, мел гинарг
Йоза ду Делан, –
Ткъа бахьанаш-м цунна
Дуозалуш ду вайх,
Ма хала хир дар-кха
Вуонна садетта,
Вай доцуш дисича
Кханех догйовха!
Свидетельство о публикации №124081907032