Син дарбин хехой
Дай маьрша ца битна гоно,
Доьналла, мохк ларбеш, иэшарна,
Ца хилла уьш къаьсташ герзах,
Иллешкахь лардеш вайн Iадаташ,
Зуькаршца дерзадеш вуонаш,
Назманийн Iилмано кхетадеш,
Марздина тIеоьцу парзаш.
Цу бартан кхолламехь дош луьттуш,
Мукъамийн аьхналле далош,
Буьрсалло дахчийна дегI кIаддеш,
Дегнаш чохь шовкъан суй летош,
Iожалло къарбазчу къонахийн
БIаьргаш чохь тхин тIадамаш делош,
Дош говза похIманчаш Нохчийчохь
Хилла хехь, син дарба лелош.
Свидетельство о публикации №124081907019