Мотт ойланал ма толийта
Цу дуькъачу дахкарлахь къаьсташ йац ша.
– Наниниг, хала-м дац хьуна садеIа? –
Бах нанас, – хи тохий, хIун хуьлу хьажахь!
Ткъа йоIа: – Чекхйаьлча, хIунда бах соьга,
Баккхийрнаш хуьлуш бу бехкашна тIиэра!–
Байттамал! КIуон дешнаш! Дог цара огу,
Йац-кха шен доьзалхо воккхийла хиэра!
Каде йу жималла, ойла йар доцуш,
Сихаллехь аьллачух кхуьуш сов тIаьхьа.
Ийман дерш собарца баккхийрнаш лоруш,
Дайн гIилкхех пайда беш, Iемаш бу баха.
Хьекъале кица ду нохчашлахь лелаш,
Оьздаллин мах хадош, лардина наха:
Кхетамза диначо кхиайо вуо амалш, –
Цара вай доху дайн гIилкхашна акха.
Цундела, къона чкъор, латтаде иэсехь
Адмаша даьккхинчу кицанан маьIна:
«Къаналлина т1аьхьа тапча аш кхоссахь, –
ТIаьхьено йоккхатоп куьссур йу шуна!»
Свидетельство о публикации №124081906916