Абаден гIала

Йуха а стигланаш леша,
Мархаша кхолийна дуьне.
Сан дог, хьо хIунда ду эшна?
Малх хьаьжча-м йекхар йай ане!

Адамийн харцонаш Iеткъаш,
Уьш денна дебар ахь ца лов?!
Iаламо шен бала балхош,
Хьан чевнийн даI Iийжа те сов!

ЖовхIарийн меха дош хаза
Дерг ву те кхаьънашна сутар?
Йа нийсо лоьхуш верг хьийза,
Букъ нисбан йиш йоцуш букар?

Са бIарздеш, дог стенна хьегIа
Азаллехь чIагIделлачунна:
Харцоно бакъонан тIегIа
Кхачадо хьакъвоцучунна!

Адмаша хьал, бахам, даржаш –
Чаккхенза гуттаре лору;
Зударшца эвхьазло йаржош,
КIиллоша дайн гIилкхаш дору.

ХIора а цаваларх хьерчош,
Кхетам бу байттамална гена.
Эхартан ларча йац кечйеш,
Iамалан таьлсаш ду деса.

Iай, чиллахь даларна кхоьруш,
Кечдо вай кIарешкахь йалта;
Цу Делан парзаш дац кхочуш,
Ца лелош, дайн гIилкхаш дитна.

Тоьлларг-м ду, леш санна кхана,
Кечдича мел, йолан гали:
Луш сагIа, йаьстина кана,
Йоьттича абаден гIала.


Рецензии