Ахархочун илли
Бер санна, сайн куьйга долийча латта,
Там хуьлу сан дагна, гуш санна бIаьста,
Уьшалан къаж таръеш, гIаьттина йалта.
Йалта дер, тIом санна, хьуьнаре болх бу:
Шен гечехь хIора а – бIаьхаллин салти;
Гаьргаш ца йеттарах эккхарна бомба,
Кха-арахь буй-т1аре дезаш дIахIитта.
Нагахь ас белхан гIирс берзийна кара,
Кхиамаш тахначул совбахахь кхана,
Латта, сан хьацарах Iаьбнехь хьайн кийра,
Кечлолахь рицкъанан хIорд хилла Iана.
Эвнина тир йоккху чарх санна говза,
Б1алан тай нахарца дожадеш хорша,
Со воьлча кха нисдан, дог дуьйлуш марса,
Тракторан кийра а самукъне терса.
Белхан йиш гIел ца ло, Iа доссарх ара,
Лаьттан дегI чахчадеш тIелетарх гIура.
БIаьста малх Iанале, мох-дорцан марахь
Бай айбан болабо ахархойн чкъуро.
Нохчийн къам доьлла ду ирхонаш йаха –
Йалтанан пусар деш Iамарна даха,
Дай баьхна тIулгийн урд, Iемаш ког баккха,
Деълара, гай шершош, кхиарна аха.
Адамийн куьйгаша хаздина латта,
Воккхаве, кхиамийн со декъахь гуш,
Халонаш иэшайан даг чохь цIе летта,
ВогIучо доккхуш ду ирхонийн туш.
Свидетельство о публикации №124081906776