Йиш йац вайн шинхьарчийн
Вайн дахар соцур дара, тешна.
Де, буьйса хийцалуш ца хилчахь,
ЗаьIпалла йуссур йара Лаьтта…
Адаман зуьретан тIаьхье йов,
Дацахь стаг, зудий вовшен эшна,
ХIу – сехьахь, амма кха –дехьахь, –
Оцу бух т1ехь са кхоллар лаьтта.
Йанний йиш ма йац вайн шинхьарчийн
Хедда лела вовшеха уьйраш.
Безамо вай цхьаьнатоьхча бен,
Ца кхуьу доь ца дойту бераш.
Мохан хIо, сагалмат ца хьакхлахь, –
Ораматийн заз довр ду эрна, –
Цундела Iахара заз* хилла
Кхералаш дахарах къастарна!
Заз даьтт1а бIаьстенан суьртахь гуш
Шу хиларна, зударий, сайна,
Дерриге декъал до аса шу,
Ца къастош хенашца: къена йа къона.
Дехийла доьзалшкахь шу гIоза,
Нохчийчонан массо а, Нана,
Ирс, безам ца хедаш хIусмашкахь
Доьзалийн кхерч даима дийна!
*1ахара заз – стом ца латош, т1аьхье йоцуш хилар (бесплодный,
неоплотвонённоый цветок).
Свидетельство о публикации №124081906741