Демин к1ант, Исмаь1ал

    
 Хьовсал, бераш, иллин беша,
Мало ца йеш байташ йеша,
Ву асар деш бохош ба1ал,
Жима Демин во1, Исмаь1ал.

Цу бешахь бу луьста нитташ,
1еха, татеш, чомехь ч1имаш,–
Г1ел ца деш шен белхан хьал,
Ву цел хьоькхуш Исмаь1ал.

Дац цу бешахь болх бан атта,
Шаьш ца тешахь Розе хата.
Доцуш парг1ат вижар, г1аттар,–
Исмаь1алах хилла трактор.

Бераш йешний аша цхьамма,
Байтийн гулар Исмаь1алан:
«Шен куьзган чохь гича лам,
Белабелла жима 1ам».

Йешна йацахь, ас йац 1иттарш,
Йешийша  «Чухчарийн цинцаш»,
Кхеташ дешнийн маь1нех, парг1ат,–
Лардеш Исмаь1алс до совг1ат.

Вац со, Демин во1ал говза,
Г1орза карахь кхеро Барза,
Б1е шарахь хьо ваха г1уоза,
Могаш волуш берех ловза.


Рецензии