Сийлахь Нохчо

Сийлахь Нохчо, т1улгах вина къонах,
Хун дисна хьун ганза дахарехь,
Хало,харцо,шело,герзо чехор,
Дерриг лайна, вуьззин доьналлех.

Тахна юхаъ т1ехоьтти и бустам,
Эпсар хилла, ара вели хьо,
Герзах воьттин, мостаг1чунца къийса,
Гена ваг1и, Делах тешарн хьо.

Нана т1аьхьа елхош, вели къайла,
Юх гур ду аьлл, йина ч1аг1о яц,
Амма Деле гуттара хьо воьхуш,
И хьан Нана цкъа а йижна яц.

Вог1ийла хьо могуш, маьрша ц1ехьа,
Сийлахь Нохчо, т1улгах вина к1ант,
Ма хийла Цо ларвара хьан эрна,
Синтем бацарн, кет1а диллин г1ант.

03.08.24 шо


Рецензии