Аслатбек Тугузов

Чкехдалла? Дера ца даьлла,
Х1умма а ца долу чекх.
Садууш кораш къел лаьтта,
Йа йиш лоькхущ деладо дог.

Цкъа доьлху эг1аза ц1ийзаш
Цкъа бетта боданехь мохь
Шурулла къайделла т1емаш
Тийсалуш 1аьржачу лаьттах.

Цкъа эт1а кехат а хуьлий, 
Буьйсан чиркханах къеда.
Ткъа хьуна мела хи хуьлий
Б1аьстенан патарех терра.

Т1аккха хьо кхета, кхузахь
Боданехь латийначу дахаро
Ма ирча ду ца тешар Делах
Ма къахьа ду вицвалар шех

Бепиган йуьхк карахь к1ант
Хьалха лаьтта шен ц1ийна
Ткъа т1охула лензаллех къега
Стигал а лилула сийна.

Дицдиний? Дера ца дицдина
К1умма а дицдалац кхузахь
Ткъа нананс ара а йолий
Бетта шен к1анте мохь.

Ткъа иза, воьлу г1адвахна
Цхьаъ дуьйцуш дуьхьала воду
Ткъа доха кечделлачу дуьненна
Т1охала йилбазмохь уьду.


Рецензии