Нохчо

               

Хазачу хабаро хьан б1аьргаш къийлинехь,
Мостаг1ийн кхиссарех, дахарехь кхийринехь,
Йай кхехкачу хьожано хьо некъах тилийнехь,
Ахчанан диекаро хьан ойла хийцинехь –
Нохчалла дац хьоьца, хьо нохчо вац хьуна!

Къонахийн масаллех б1аьрг бузуш хьан бацахь,
Вежарийн халонаш хьан корта ца бехкахь,
Йижарийн балано дог делхош хьо вацахь,
Хьайн ненан сингаттам хьан дагчохь ца кхехкахь –
Нохчалла дац хьоьца, хьо нохчо вац хьуна!

Куралло мисканна вас йойтуш хьо велахь,
Суонталло г1иллакхех къастийна хьо лиелахь,
Ницкъ болчу харцуонна хила сихлахь хьо к1елахь,
Сеттина, б1аьрхьоьжуш хьо цунна виелахь –
Ма ала нохчо ву: - хьо нохчо вац хьуна!...

Мехкаца, къомаца дакъа хьан дацахь,
Дахаран маь1на хьо стенца ду ца кхиетахь,
Нохчалла д1акхиехьа ницкъ тоьуш хьо вацахь-
Вахалахь «ницкъ маб-бу», иэхь хьайна ца хиетахь,
Нохчо ву ца бохуш: хьо нохчо вац хьуна!


Рецензии

Завершается прием произведений на конкурс «Георгиевская лента» за 2021-2025 год. Рукописи принимаются до 25 февраля, итоги будут подведены ко Дню Великой Победы, объявление победителей состоится 7 мая в ЦДЛ. Информация о конкурсе – на сайте georglenta.ru Представить произведения на конкурс →