Берийн бешахь
Тахна вайн деза Де ду,
Вайн бераш дахаран новкъа
Даха вай гулделла ду.
Кхиъмашца,кхиарца даздеш,
Уьш новкъа вай бохур бу,
Ирс,аьтто хийла шу-,бохуш,
Вай царна не1 йоьллур ю.
Хаза хан кху берийн бешахь
Марзонца д1аяьхьна вай,
Хьехархош диканиг 1амош,
Д1аелла могшалла шай.
Х1оранга ала дош лохуш,
Дилхича лазош шайн дог,
К1еда куьг коьртах а хьокий,
Куьг лоций,боккхийту ког.
Тахна вай царна некъ гойту,
Йаьлларца дахаран не1,
Сатуьйсуш хилре и маьрша,
Кхуьйлина доцуш де цхьа а.
Хуьлийла даимна сирла
Шун дахар,Седарчий тхан!
Дай-Наной,дозаллийц хестош,
Дехийла шу ирсе ган.
Свидетельство о публикации №124052705740