Сан Да

Дай баьхначу хьайн махкахь дозаллийц вехаш,
Еха хан яьккхи ахь,атто ца лоьхуш,
Доьналлех ца вохор вай Деле доьхуш,
Схьабеъна беха некъ,собаре вуьйлуш.
Вехийла ирс долуш,сан Да ,хьо тхуна,
Доьналлийц хьо хилар дозалл ду суна,
Вехийла могшаллийц,ирс хьийзаш гонах,
Яхь йолу дика да,вуьззина къонах.

Дай баьхначу хьайн махках марзо схьаоьцуш,
Дикачу накъосташ г1иллакхца лоьруш,
Хьо везач доьзалша сийдарца вуьйцуш,
Яхь йолчу тхан нанас хьан йуьхь а ларъеш.
Вехийла ирс долуш дика Да тхуна,
Хьан сий дан кийча ду,хаалахь хьуна,
Дуьненан меха ву ,сан Да,хьо суна,
Дахаран х1ора де хийла хьан сирла.


Рецензии