Сий!

Мацах  дуьйна цхьа дика кица ду-кх олуш,
Сий  дайинарг, т1епаза  вовша  ву, декъаза,
Цуьнан  хат1 а хаьн  т1е  шаьлта а йоллуш,
Хуьлу маьттаза  жуг1аргин  санна, эвхьаза.

Уьстаг1ийн жа а д1асадаржало  тог1ичохь,
Г1айг1а а беш, говза жа1у ца хилахь дажо,
Стеган  амалан аматаш а дукха ду дагчохь,
Баьчча-сий а оьшу, цхьан къепе уьш хьажо.

Вухуш вац халонаш мел дуьхьал йийларха,
Сан эхьо х1ун хьоьхур-те бохуш, ладуьйг1у,
Дахаран некъ а, мел гола хьийзош хиларха,
Даима а сийно хоржу 1алашо, дагчу йуьг1у.

Кхулура бац со бахьанехь цхьаннен а малх,
Ирс лоьхуш, харцонца доттаг1алла ца дина,
Пе бетта схьагича эхь доцу гулхалкъан чалх,
Х1ордакха ледарчу гуоно эланах а лай вина.

Эхь кхиош дацахь са меллаша бодане долу,
Дагах д1ахьаьрча можа мекарлонан лаьхьа,
Бахаман дуьхьа гола воьжнарг а дохко волу,
Сий дайча эрна ду, байтамалла йан къаьхьа.

Хьакъ ма-дарра х1ора стаган деза мах хадо,
Кхачамбацарш сан дан а дац сонта ду алахь,
Амма, сайн сий йо1б1аьрг санна сема лардо,
Дакъаза вала атта ду, цунах махцарг йалахь! (С) 24.03.24.


Рецензии