Хуьлуш хуьлу!
К1анта зуда а йалайо, зуда маре а йоьду,
Ца х1уьттуш мацца а некъан йисте латта,
Ма-хаъара доьзал ца хилча халбат воьду.
Хьо йалийначу суьйренца ирсе суо санна,
Кху дуьненчохь цхьа а вац аьлла хийтира,
Амма, цхьа бутт баьккхича хьоьца цхьана,
Хьуна со ца везийла, жим-жима кхийтира.
Говза шалхо лелош, соьга безам а боцуш,
Сан корта хьовзийна, хьо соьх схьакхетта,
Т1еверзо ко1а стаг ву хеташ шек а йоцуш,
Марелла нисди ахь, со ч1ог1а вай а хетта.
Безамо дог деладеш а делхадеш а дацахь,
Йаьсса а эрна а хьийзало, дуьнеан кахьар,
Гай а дузош ваха-м ло дагчу безам бацахь,
Х1етте-а, тилкхаза д1аг1ерта иштта дахар.
Вайшиъ къаьста де ду малх кхетта тахана,
Х1ара а хета цхьа ирс, холмачалла дойуш,
Цхьалха безам т1ема а баьлла д1абахана,
Б1аьрхиш тоьхна, сан дагчуьра ц1е йойуш.
Безаман суйнах хила беза доьзал латийна,
Цуьнах иштта ца хилча, т1аьхьло ца хуьлу,
Хьоьца ваха лаам саб1арзделла д1атийна,
Къинтера йала, вас дагахь ас а ца къуьйлу! (С) 18.03.24.
Свидетельство о публикации №124031900661