Мила ву баталов вах1ид
МИЛА ВУ БАТАЛОВ ВАХ1ИД
Заманца кхуьучо цкъа мацца хаттахь,
Сурт гича къегина: "Мила ву Вах1ид?"
Хаттарна жоп ду вайн, дацахь ла атта,
Ала ду: " Дера ву вайн къоман шах1ид!"
Шен къомах дог лезна, шен са д1аделларг,
Кхерамна б1окъажош йуха цаваьлларг,
Вайн махка т1ом беъча орцаха ваьлларг,
Къома сий лардина г1азот т1еэцнарг !..
Да-нана ца дезаш царах цаваьлларг,
Йиш-вешех ца 1ебаш дахарах хаьддарг,
Доьзалан марзонах хеназа ваьлларг,
Шен къома бакъонах, шен са д1аделларг !
Т1ом беъча Нохчийчу къайла цаваьлларг,
Шен къомах дог лозуш баланехь ваьгнарг,
Бусулбан йижарийн сий-ларам бинарг,
Мостаг1на къарвелла гуора ца воьжнарг !.. .
11. 03. 24ш.
Свидетельство о публикации №124031104910