***
Лайн амалш сан дайша цкъаа лайна йац.
Стаг хестор хилла дац сан къоман г1иллакхехь,
Сийсаз веш емал вар данне а дац.
Бахамах цалелла и вохкавелла,
Цхьа Дела воцчуьнан лай хилла вац.
Сий цуьнан духкуш йа оьцуш цахилла,
Замано цуьн барам хийцина бац.
Дуьнено 1ехийнарг нахала волуш,
Халкъалахь цхьанне а стаг хетта вац.
Ахь нохчийн мотт бийцарх нохчо ву бохуш,
Къонахчун терзанца хьо узур вац.
Хьайн халкъан иэсехь хьо вехар вац цкъа а,
Вицвийр ву хеддачохь дахаран некъ,
Нагахь хьо ваьллехь хьайн боцчу новкъа,
Стогаллин барамал даздина текх.
Свидетельство о публикации №124022705860