Даймохк

Хьом сан Деган орам бай х1ай Даймохк,
Хьоьх херйелла йала меттиг бац.
Дег1ах хаьдча са а долу пана,
Хьоьх къестина лела амал дац.

Кхолламо сайн рицкъа даккхарх гена,
Мух1ажарийн тохарх тобанах.
Хьо бицбина лелла йац со цкъа а,
Дог цахилла хаьдда г1айг1анах.

Ахь техкийна сатийсаман ага,
Дицдеш синтем Дагна карор бац.
Хьан ц1е къагош суй а хилла йага,
Кийча йацахь, сох хьан йо1 хир йац.

Ас муьлхачу барамашца буста,
Сайн сих летта ховха безам хьоъ?
Сийлахь Даймохк, хьо сан Деган хьоста,
Б1аргийн нур сан Нана Нохчийчоь!


Рецензии