1а!

Ц1окъберган месал, лекха к1айн куй боьхна,
Г1ург1азан пелаган верта, махехь ловзадеш,
Т1аьрсиган ша-тайпа, дехха пезагаш доьхна,
Схьаг1ерта 1а, сирла-мокха гила хьовзабеш.

Гуьйренан дог1анаш гужамдаьккхина 1алам,
Къондина цуо, кечдина махмаран  бедаршца,
Дети дуьллуш тикманаш дуцуш, беш т1алам,
Хебаделла диттанаш дохдеш лайн  кетаршца.

Аренаш а, хьаннаш а дахкаршца  тхьовсийна,
Г1енашка йожийна, к1айн йуьрг1а т1етоссуш,
Акха дийнаташ шайн бенаш чу д1ахьовсийна,
Шеран омра лардеш д1адоьду 1а луо  тоссуш.

Собаре лаьмнаш дато  г1аг1анаш  т1едоьг1на,
Турс хилла лаьтта, Даймохк дарцах къуьйлуш,
Аьрзу хьийза стиглахь, лаьтта б1аьрг боьг1на,
Тог1енан олалла  деш шийла х1аваъ муьйлуш.

Маьлхо кхоа ца йеш ховха з1аьнарш хьежайо,
Шелонах чекха а йохуш, б1аьрг серлабоккхуш,
Дуьне уьнахц1андеш, 1аьно к1айлла йаржайо,
Сатийсаманна ж1амаршца са парг1атдоккхуш.

1аламате  х1ума ду-кх 1а, хилча хила ма-дезза,
Лайн оьланаш а йолуш хиш т1аьхь ша а болуш,
Цуьнан тамашена исбаьхьа суьрташ дукхадеза,
К1ад ца луш д1ахьоьжу цаьрга, самукъадолуш! (С) 01.12.23.


Рецензии