Са ца туьйсу!

Са ца  туьйсу ана-аре хьоьжуш  коре воьлла,
Ларамза ирс  керта чуэккхарна, чан туьйсуш,
Дезачун т1екхача, сайха  бен  вац б1обоьлла,
Синлехаман х1уш хиндолчун ву д1атуьйсуш.

Товш доцу тилкхаза рицкъан т1е ца кхуьйду,
Дуьненах воккхаво, 1алашо кханенна лоцуш,
Пашбукъе балано лацахь цуьнан  лаг 1уьйду,
Дахаран мохь д1атекхабо  латкъамаш боцуш.

Халкъ муха ду-те бохуш пхьоьхана д1авоьду,
1овдал луьш сакъерало, суо хьекъале хеташ,
Хьекъалча вистхилча, мелла а ойлане воьду,
Цул а 1овдал вуйла кхетча, мекхах кадетташ.

Исбаьхьа дуьненчу веха кхолламца бертахьа,
Эладитанца а шалхонаца а, дегазалла  йолуш,
Эккхайо шеко, сатийсаман дуьхьал г1ертахьа,
Бендацар а мало а  бертаза  т1аьхьа а лоллуш! (С) 09.02.24.


Рецензии