Дешархой
Тахна толам баьккхи аш,
Школе оьхуш, дешар 1амош,
Шайгар хьуьнарш довзиташ.
Мало йоцуш, доьналла долуш,
Денна гойтуш г1иллакх шайн,
Хьехархочун муьт1ахь долуш,
Болуш юьхьк1ам массарн вайн.
Школе даьхкир кегий бераш,
Х1инца бу уьш кегирхой,
Тахна йоху церан ц1ераш,
Бу уьш тоьлла дешархой.
Дела реза хуьлда хьуна
Дикнаг денна хьехарна,
Тахна бераш новкъа дохуш,
Х1ара хаз де кхолларна
26.05.2006шо
Свидетельство о публикации №124020807093