Тешам!

Хьан-хьаннах а цатешаран шиъ ду бахьана,
Хьалхара ду, стаг ванне а вевзаш цахилара,
Шолг1а бахьана а вевза-везаро ц1аьххьана,
Дикаха вовзийтина дагчу шеконаш йиллара.

Цхьаннех б1обоьлла, тешам д1акховдийча,
Иза оьзда а хетта, цунах дика битам болуш,
Денна а буса а хила веза, лерг-сема кийчча,
Хьан догц1еналлин дуьхал х1ун ло-те олуш.

Дагахь х1ума а доцуш, ойла ца йеш тешахь,
Т1екхача мега цкъа мацца а, шиннах цхьаъ,
Йа тешнабехк, х1илла текхош шен белшахь,
Йа догц1ена йахь йолу доттаг1 воьлла кхаъ.

Оьздалла а сий а ц1ийца долуш  стаг велахь,
Хан оьшу йуькъаметтиг нисйеш т1ай тохкуш,
Тассайелла уьйр  лераме шарйеш ца лелахь,
Б1аьрганег1ар тохале йогу иза к1ур боккхуш.

Цхьа а вац говза, тешаме верг-воцург харжа,
Шалхонча а вац са гуш, вуон а дика а къасто,
Цец а вуьйлуш кхана ца х1отта йуьхь1аьржа,
Таханнехь мекарлонча веза хьайх д1акъасто.

Г1уллакх дац бен ца хеташ д1акхийдо тешам,
Догц1енна массо а хиларна, ойланза догдаха,
Адамех тешам байча хуьлу сатийсаман эшам,
Дог даларо халбате такхийча хала хуьлу ваха! (С) 05.02.24.


Рецензии