***
Тиллина безаман т1ай,
Дегаза ваьлла ахь хадохь
Сох хир яц безаман лай.
Маттара дуьйлу хи доцу
Къамел а хьан оьшур дац
Деган к1оргера схьадуьйлу
Безаман шовда и дац.
Маьл ч1ог1а вийларх бехказа
Хаздина дийцарах ахь
Сом г1ура ю лерса къардина
Ца йохош сайн кура яхь.
Свидетельство о публикации №124020103363