***

Ма1репат некъаца х1ора нисвелла
1акърекъат хьехадеш авлияаш бехаш
Са маьрша йаьхна хьо сан Нана-Нохчийчоь
Ма дакъаз йаьккхира сий доцчу замано.

Шен хийра г1иллакхаш хьан коча 1уьттуш
Веъначу паччахьо йаьккхира пана
Дог майра хьан к1ентий обургаш бохуш
Авлияаш шаьш лоьхкуш царех ц1анйира.

1ильманан файзулла Дала диллина
Декъала хиллариш тиллачех бина
Мотт баьтташ уьш бууш даржехь сов буьйлуш
Чаьлтачийн ардангаш алсам евлира.

Оьг1азло т1ейаьлхош малх нажжаз боккхуш
Нохчийн къам вайн Дала махках даьккхира
Бала т1екхаьчча бен иман а ч1аг1лац
И Дала ша бина къинхетам бара.

Кхойтта шо даьккхира Аллах1 хьоь кхойкхуш
Шайн нана- Нохчийчоь хьоь йуха йоьхуш
Цхьаъ хилла лаьттира иманца ч1аг1луш
Ахь царна жоп делла баьрзийра  ц1ехьа…….


Рецензии