***

Хин долу хьоза бенахь даькна
Бохуш нанас йахье вохуш
Берахь дуьйна амал ч1аг1ъйеш
Нохчийн Къонах кхиавора.

-Же,варийлахь, Дена хаахь
Мегар дац и к1анте бохуш
Деца болу ларам ч1аг1беш
Сий дан цуьнан 1амавора.

«К1антана х1у лаха, йо1ана цу лаха»
Нохчийн кица эрна дац
К1антах вуьззин Къонах вийриг
Нана хилар шеко йац.

Х1усам-нана оьзда хилар
Цул доккха ирс цхьа а дац
Т1аьхье йайна хьенеха бохуш
Наха п1елгаш хьежор дац.


Рецензии