***
Фирдаус йалсамани бух бу хьо г1иллакх
Бусалба динан байракх ю г1иллакх
Къоман сийлаллин б1ов ю кха г1иллакх.
Нохчаллин тхов бу хьо г1иллакх
Коьртара холхаз ду г1иллакх
Стогаллин терза ду г1иллакх
Къонахчун барам бу г1иллакх.
Дуьненан марзо йу г1иллакх
Къилбанан седа бу г1иллакх
Оьздингаллин герз ду-кх г1иллакх
Беркатан ков ду-кха г1иллакх.
Маршонан некъ бу хьо г1иллакх
Адмаллин дегйовхо-г1иллакх
Долчуьнгар доккхур дац г1иллакх
Доцчунна даллур дац г1иллакх.
Свидетельство о публикации №124020103283