***

Синтем байна кху Дуьненахь
Б1арзлой хьо ма хьийзалахь.
Синтем боцуш  кху Дуьненахь
Эхарт ахь ма лехалахь.

Цкъа а хьуо лийр воцуш санна
Дуьне ахьа лехалахь.
Кхана вала кечлуш санна
Эхарт ахь ма дицделахь.

Хьог1ах гамонах а ц1андай
Дог хьай парг1ат дакхалахь
Дуьне Эхарт ший а хьайна
Т1аккха хир дуй хаалахь.

Цабезамах цатешамах
Дог а дуьзна хьо лелахь
Дуьне Эхарт цхьа а доцуш
Дакъаз вера вуй хаалахь.


Рецензии