***

Хилла дац дахар сан атта
Кхолламо ца хьистина
Делахь а йахьах ца юхуш
Адмалла ас ларйина.

Ларбина Дагчохь сайн безам
Ледарах б1аргеха хиш
Ца лоцуш кхолламца мекха
Лаькхна ас безаман йиш.

Диканах Дог цадиллина
Замано чехаярах
Латтабеш сатийсам мерза
Тешамах дуьзна ас Дог.


Рецензии