***
Корта айба сихмалолахь
Киснара и д1адалахь
Вахьта1а дезар ду хьа.
Йез машен йара алий
Курвала сихмалолахь
Д1атоьхна и йохайахь
Куралла мичхьур йу ахь?
Доьзал хьай бара алий
Дозаллаш ма детталахь
1ожалла когашк1ел йу
Жим-воккха цакъаьставо.
Хьожууш баккхалахь ког
Ладог1ий алалахь дош
Тассалахь вахькхетар ву
Йухь1аржо мерк1еллахь йу.
Свидетельство о публикации №124013102788