***

Даймахке

Хьан шийла шовданаш чам боцуш хаьттехь
Уьш суна хьарам деш стимал къахьделахь.
Исбаьхьчу 1аламе цайешаш хьаьжнехь
Сан б1арса кхуоладеш д1аэций йитлахь.

Хьо хастош олу дош Даггара дацахь
Багара дилха мотт ахь сацабелахь.
Дегаза  ловзуш ког ас латта хьаьшнехь
Т1екъовлий лахьтийчохь суна дазделахь.


Рецензии