***

Йиш-вешех херйелла, гергарчех хаьдда.
Нахаца уьйр лоьхуш хьо леларх хьедда,
Хир дац хьан сий-пусар аш соьга олу,
Со цунах цец йолий ойлане йолу.

Уьйр хуьлу-кх адаман шиэх терачуьнца
Дахаран шен некъах кхиэташ волчуьнца.
Шуна йуккъехь сайх кхетарг суна цаго
Олий, бехк т1елаца, со сихцало.

Аллах1а иэшийна рицкъ лур ду аша?
Хан кхаьччи 1ожалла сацор йу аша?
Лахьтийчохь барт хоттуш жоп лур ду аша?
Йа суьрт-т1ех йолуш куьг лоцур ду аша?

Йа кошара сан ,н1аний лехьор ду аша?
Вуо-дика муьлхарг ду суна дан аша?
Жоп лойша галйаьлла со шайна хетахь
Къера хир жоп сайна хьекъале хетахь;


Рецензии