***

Хазчу дашах 1ехалун ,човхийча кхералун
Хенаш ,д1айевла  дукхаъ хан йу.
Сан корта хьовзаба эрна мотт лиэбеш,
Дагна ахь беш болу хьиэм эрна бу.

Ахь хаза дуьцу, мотт говза хиларна,
Д1аь1ахк цахиларна и керчаш бу.
Сиэтта беш хьайн багахь и, лаьхьа санна,
Йо1 1ехо керчабеш ахь хьийзош бу.

Йамарт хьайн ойланаш т1иэхьа а луьцуш,
Хьайн сица доцуриг ахь кхийдадо.
Г1иллакх а хьиэхадо хезнариг дуьйцуш,
Хьайца доцу иэхь-бехк а ахь хьиэхадо.

Моттарг1а х1илла а цадоьду гена,
Нагахь йо1 хьекъале оьзда йелахь.
И тайпа гергарло цадолу гена,
Маварра вовзале хьо вадалахь.

Оьздачу мехкарийн дагт1ера вуожахь,
Стаг хилла Дуненахь хьо г1оттур вац.
Хьо тайпа «къонахчун » белшаш т1етовжахь,
Дахарехь ирс хилла йо1 лелар йац.


Рецензии