***
Возаллех дерг цуьнан девзий-те шуна?
Хаий-те Аллах1а гергара вуйла?
Пайхамарийн,авлияийн, мог1арехь вуйла?
И хаттарш лелла ду, халкъана йукъехь,
Амма жоп хууш верг, ваьлла вац йукъехь.
Тахана къонахчун, дарж довзуьйтуш,
Дуьйцур ду, авлияин, некъ бовзуьйтуш.
Кху маьлхан Дуьненна ,букъ берзийна,
Аллах1а дуьхьа и д1атессина.
Эхартан мукъ, шайн буйна лаьцна,
И латтош авлияаш, даим баьхна.
Цхьан буйна лаьцна ,Дуьненан мукъ,
Вукха буйна лаьцна ,Эхартан мукъ .
И ший а латтош верг, къонаха ву,
Цундела, даржехь и лакхара ву.
Свидетельство о публикации №124013102679