***

Дашо малх схьакхетий шен з1анарш йаржош,
Х1ора тхин-т1адамчу шен б1аьрг а буьллуш.
Тхи молий дакъадой цо бецаш латтанаш,
Чан йолий лаьттара аьхкенан урамаш.

Ткъа тахана малх г1атта хьебелла бог1у,
Беца-тхин т1адмашчохь цуьнан  б1аьрг ца богу,
Дохк хуьлий стиглара марха чуйог1у.
Бакъонаш шен гойтуш гуьйре т1ейог1у.


Рецензии