***
Делан дикане саматийсалахь.
Мисканиг г1о оьшуш кхойкхучохь витий,
Аллах1е г1о доьхуш ма кхайкхалахь.
Хьо гур вац, хезар вац, мел ч1ог1а кхайкхарх,
Мисканиг г1ийланиг гуш вацахь хьо.
Хьо церан хьашташна букъ бетташ леларх,
Диканехь йа даржехь сов вера вац хьо.
Шуна Дала луш долу Дуьненан рицкъанаш,
Терзанца узуш шу туолон луш ду.
Уьш т1аьхьасецадахь терзант1ехь дайлуш,
Х1ай тилла адамаш шу дакъаз девр ду.
Свидетельство о публикации №124013003203