***
Х1ар мохк шайн долахь тарбелла
Амалаш гойтуш шайн къиза,
Паччахь хьо ладуг1уш хила.
Лелайо къайлах а къулах,
Харцонаш нах х1иттош холча.
Ша гуча вера вац моьттуш
Х1ора а г1аьрта х1онс йаккха.
Аллах1а кхиэлаха кхоьруш,
Схьагарехь ца хилла вай.
Цуьнгара шапа1ат лоьхуш,
Леллера-кх х1инцалц вай Дай.
Х1у хилла хаац-кха вайна,
Дуьне бен гуш х1ума дац.
Эхь бехк а цу неха дайна,
Харцонах уьш ларлуш бац.
Шайн сий а доьхкина лела,
Уьш соьмах 1ехабелла.
Дегнаш а ду цера шийла,
Иман а г1елделла.
Х1у хир-те кханенах бохуш,
Тахана аса сагатдо.
Эрна сайн корта а лазош,
Цаоьшу ойланаш йо)
Свидетельство о публикации №124013003141