***

Туьтм1аьжиг д1айаккхий йоьхь гучайоккхуш,
Аллах1ана гушйериг нахала йоккхуш,
Хьаг1- гамо д1айоккхуш Дог парг1ат даккха,
Вайн Делан- 1едал ду,ша кхочуш  герга.

Безаман тешаман не1арш д1айеллий,
Цабезам д1ататтий Дагчуьра лаллий.
Вас, хилларг хьайна, Дагчуьра йаккхий,
Айхьа вас йинариг къинт1ера ваккхий.

Вайн Делан къинхетам хьайн Дагах кхетта,
Цуьнан нуьрах кхоьллина Са парг1ат даьлла,
Декъала хир ву хьо цу дарже  кхаьчча,
Маршонан чам бевзаш , и Дагах кхаьтча.


Рецензии