Нохчийчоь

Нохчийчоь

Стигларчу цу мархийн бамбешка кхийдош,
Курачу хьан лаьмнийн баххьаш къежделла.
Дашочу малхо шен сирла б1арг кхерстош,
Зезагех баьццара аре къарзйелла.

Ц1еначу х1авауо эсала хьоьстуш,
Хьан шийла шовданаш ца 1ебаш мийлина.
Исбаьхьчу 1аламо нуьре са достуш,
Дог ойла сан йаьлла хьоьха д1аийна.


Рецензии